ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин векал тIекхайкхина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министералло


Оьрсийчоь -- Водовзводная Кремлин бIов а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министералла
Оьрсийчоь -- Водовзводная Кремлин бIов а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министералла

Оьрсийчоьнан Арахьарчу гIуллакхийн министералло Москохора Францин векал тIекхайкхина оьрсийн футбол езархой цу махкахь дIалецарна. Францин векале Оьрсийчоьнан футбол езархошна дуьхьал озабезам бо цу мехкан Iедало, аьлла дIахаийтира. Кхин дIа а оьрсийшка цабезам кхуллу гIулчаш Францино яхахь, цара вончу агIор тIеIаткъам бан тарло шина пачхьалкх юкъаметтигашна, варе дира Францин векале. Кху беттан I4-чу дийнахь Францин полисхоша оьрсий фанаташ тIехь болу автобус саца а йина, 43 футбол фанат дIелецира. Цул сов, къилберчу Францин Лил гIалахь полицхоша 15 оьрсий фанат а дIалецира. Полицино уьш шеконехь лору Марселлехь хиллачу къепедохоршкахь дакъалацарна. Францин Iедало билгалдоккху мангал-беттан 15-чу дийнахь ингалс фанатех летта гIаскхий фанаташ “инзаре дика Iамийна а, луьрачу латарна,” кечамаш бина а бара, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG