ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шах-тата даьлча а бехкеберш...


Дахначу шарахь Парижехь хилла зуламаш дагалоьцуш...

ДIадахначу шеран 13-чу ноябрехь, хууш ма-хиллара, маьрша нах бойъуш доккха зулам хилира дуьненна евзачу Париж-гIалахь, 130 стаг вен а вуьйш, 419 стагана чевнаш а еш.

Оццул адам дийча, лазийча пайда баьлларг милла велахь а, цунах зулам, французашна даьлла а ца Iаш,"декъазчунна децIерана" ма-аллара юха а, тIаккха а, Францехь Iаш болчу нохчашна а делира.

Шах-тата доллушехь, хIуъа а нохчийн коча дан Iемина болу вайн нах юха а чолхечу ойланашкахь бара шеконе лаьцначарна юккъехь шаьш хиларна кхоьруш.

Иштта хила а хилира и. И шеконе лаьцнарш муьлххачу принципашца хаьржинехь а, царна полисхой чу а лилхира, дIа а бигира, хеттарш а дира.

Ойла кхоллаяла тарло цхьаболчеран

и церан болх бу аьлла, делахь а тахана хIара тема юха а хIунда аййина бохучу хаттарна жоп чакхенехь гуш хир ду.

Юха а нохчий дIабигнийла хиъча , оцу бигначеран кхолладелла а ца Iаш, кхечеран а хаттар кхолладелира хIетахь, "Тхо тIе хIунда эцна тIаккха?" боху.

И хаттар кхолладелла хилла шен аз довзийта ца лиъначу Францехь вехачу цхьана нохчичуьн а. Цо иштта дийцира:

" И хIума кхузахь хилча уггар хьалха суна а, иштта кхузахь бехачу суна бевзачарна а дагадеънарг дара, хIинца юха а тхан коча ма дагIахьара хIара, аьлла. Дан а деар-кха иза юха а вайн коча. Полицино неIарш кегъеш дIа а кхийли вайн нохчий, дIабигначарга дуккха а хеттарш деш.

Шаьш болчуьра дIасабовла йиш йоцуш, буйла хоуьйтуш тIеоьхуш куьйгаш а яздайтира. Шу шайн махкахь революционераш хилла а баьхна цхьаболчарга.

ТIаккха цхьа хIума ала догIура цигахь: "Тхо тхайн махкахь лаьтташ долчу хIуманна реза хилча, шун махка азиль еха хIунда догIура тхо?

ТIе а хIунда эцна тхо аш тIаккха?" - аьлла.

Иштта дара шен аз ца довзийтинчу Францера нохчичуьн къамел. Цу хиламийн теш хилар шайна тIедоьжначара схьадийцарехь, оцу тIекхайкхина хиллачарах цхьаберш цIера арабовлучу хенахь кхиазхой хилла 12 , 13, 14 шераш долуш.

ТIаккха хаттар кхоллало. ХIун Iалашо ю оцу вайца дIакхоьхьучу политикан? Мацах Крыловс Францхойн поэтан лачкъийначу баснехь санна, хьанна мичара нехча южу вайца иштта политика лелийча?

Цу хаттаршна жоп цкъачунна хууш дац, амма карон луучунна карон там а бу, бIе сов адам дийча уггар боккха пайда баьлларг, я баьнберг мила ву дикка ойла йича...

Ткъа хIинца цу зуламах хьовзам баьллачарца дийр ду вай юха а къамел,

Францехь вехаш волчу секуьрите белхалочуьнца Юсупца.

Парижехь зулам хилла дукха хан ялале, дагахь а доцуш, кехат деъна цуьнга Iедалера, цуьнан секуьрите дипломана бакъонаш цуьнгара дIаяьхна, аьлла. Къаьсттина билгалдаккха дезарг, дика белхало а ларалуш, оцу дипломаца болх бина волчу цуьнан цкъа а Iедалца Iотта-баккхам хилла ца хилар ду.

Юсуп: «2008-чу шарахь дуьйнна Франце сехьа ваьлла вехаш ву со. 2012-чу шарахь дуьйнна хадархо болх беш вара со. ХIора пхи шо мел долу, диплом юха карладаккха дезаш дара сан кхеран низамашца. РогIехь сайн кехат карла а даьккхина ас, цу юкъа ши бутт а болале, кехат деара соьга Iедалера, хьоьгара болх бан бакъо схьаяьккхина оха, хьо тхан пачхьалкхана кхераме стаг ву аьлла..."

Кхеташ вац тахана а Юсуп шега Iедал IаддаргIа юккъехула хIунда хьаьжна:

Ткъа хIинца хIоккху дерригенан жамI деш, вай юххьехь ма аллара, тахана хIара тема юха хьалаайяйтина долу цхьа хаттар довзуьйту ас:

Шах-тата даьлча а, нохчашца долчунна тIехь оцу тайпа жигаралла, буьрсалла гойтучу полисхойн гIайракхалла-гIора мича дахна хилла те Марселехь архаш хецаеллачу бехначу оьрсийн футболан сонтачу фанаташа шайна коьртах гIенташ деттачу хенахь?

XS
SM
MD
LG