ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша тIехь йинчу гIаланех тарлуш ю меттахIиттош йолу ярташ


Дийнахь а, буса тIеоьхучу догIанаша токхамаш бинчу ярташкахь хIусамаш йохийначу бахархошна Iедалан гIоьнца дIадолийна керла цIеношдар.

ТIеана аьхке, гуьйре санна йочане хили махкарчу бахархошна кху шарахь. Дийнахь а, буса а саццаза оьхучу догIанаша, Iаьнах доьзал баккха Iалашонца бошмашкахь наха дIаIоьттинчу хастоьмийн хIуш а доккхачу декъанна хIаллакхили, ялтийн аренаш Iохку матарш тийсина.

И дерриг дицдеш, даккхий зенаш хилла бахархошна Iаламан хиламашца доьзна.

Токхамаш хилла дуккхаъчу кIоштийн ярташкахь. Карарчу беттан 11-чу дийнахь Нохчийчуьра 11 кIошт къаьсттина хала хьал хиларца билгалъяьккхинера.

Къена къанбаллац, ца юуш, ца молуш, шайна тIехь оьшучунна а эшам а беш, шерашкахь йина хIусамаш, чохь эцна йийбар, дерриг хIаллакхили цхьана дийнахь.

Веданан, Нажин-Юьртан, Гуьмсан, Шуьйтан, Шелан кIошташкарчу эвлашкахь хиллачу бохамаша дуккха а дай битина тховкIело йоцуш.

Царех цхьаберш шайн гергарчу нахана тIебуьсина, ткъа кхиберш, дан амал цахиларна, меттигерчу школашкахь дIатарбина.

Нохчийчоьнан Iедало харж шена тIе а лаьцна, сихаллехь вовшахтоьхна гIишлошъяран тобанаш, хьаладан долийна бахархошна керла цIенош.

Регионан Кадыров Ахьмадан цIархчу фондо шена тIе лаьцна токхамаша йохийна хIусамаш тояр, юхаяр.

Масала, Веданан кIоштарчу ЦIе-Веданахь 700 белхало-гIишлошъярхо ву къахьоьгуш хIоттийначу кхаа рожехь. Цигахь, Орцан министраллан болчу хаамашца, 35 цIа дохийнера. Царлахь 22 цIа юха дан дезаш, 13 жимма куьйг Iоьттича, битаме догIур долчу хьолехь дара.

ГIишлош дIахьочу ярташкахь хилира деношкахь Кадыров Рамзан ша а. Цо Iалашо хIоттийна белхалошна хьалха, карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь, боллу белхаш берзийна хилийта, шайн керлачу хIусамашкахь оцу нахе марха дастийтархьама.

Хаза кхаъ бу иза-м.

Делахь а, тергамчаша сагатдийриг кхи ду. Тоххара дайша цIенош деш шерашкахь къахоьгура.

Чхо йиначул тIаьхьа, цхьа хан йолуьйтура юкъа, цемент лацаяллалц. Ткъа оццул сихачу боларехь ен гIишлош мел ханна еш ю-те бохуш цакхетамаш лаьтта юкъараллехь.Маршо Радионо и хаттар делира доллучу шен дахарехь мехах гIишлошъяран белхаш беш, шен доьзална напха латточу Шела-кIоштарчу вахархочуьнга Садаев Ахьмаде.

ДогIа доладаларна, шаьш болийна болх юкъахбаьккхина, и саццалц, хан йойуш Iара иза а, цуьнан белхан накъостий а.

Дийнна цхьана баттахь цIено дан а дина, чохь-арахь бан беза белхаш а берзийна, ваха охьахоийла дуй аьллачу хаттарна жоп луш, долийра оха къамел. Ахьмад ву дуьйцуш.

Ахьмад: «И тайпа хIума, суна хетарехь, дуьненна хьалха кеп хIоттор ду! Амма хила хьакъ ма-дду, бухан чIагIалла а йолуш хир дац. Тоххара вайн дайша бух буттучу хенахь 3-4 батахь цIенош хьала ца деш, дагадогIу суна.

Масала, бIаьстенан юьххьехь бух боьттинехь, гуьйренца доладора цIенош доттар. ХIинца-м тахана бух а буттий, кхана цIенош доладо. Шо-ши шо даьлча хуур ду оцу цIенойх хIун хуьлу а».​

Сиха дахана хи хIордах ца кхетта, олуш вайн дайн кица делахь а, лаьар-кха шайн хIусамийх боьхна, баьржина лела мухIажирш, катоьхна чубоьрзийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG