ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шанхайн саммит: юкъара кхерамзалла


Шанхайн юкъараллерчу мехкийн шина дийнан саммит йолаелла Узбекистанан коьртачу гIалахь Ташкентехь еарийдийнахь. Йийцарехь ю регионан кхерамзалла, тахана ОвхIанистанехь лаьтта гIоьртина хьал. Кремло кхаарийдийнахь хаамбира, Шанхайн юкъаралле Пакистан а, Инди а эцар хила тарло дийцаршкахь, аьлла.

Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчас Ушаков Юрийс иштта хаамбинера ГIажаройчоь оцу юкъаяхар а хир ду дуьйцуш, аьлла. Цкъачунна цуьнан декъашхошлахь ю Оьрсийчоь, Китай, казахстан, ГIргIазойчоь, Таджикистан, Узбекистан. Иштта массех пачхьалкх ю юкъарлонан тергамчашлахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG