Политикаца бозабелла махкахь кхехкаш мел луьра, карзахе хиламаш белахь а,урхалле баьхкинарш мел кIорге я гомхе йолуш хилар цахилар хьесапе эцарра-м дийца а ца оьшу,церан мискъал зарратал бала а ца кхочуш,тахана болх ца бахь кхана,доьзал хьовх,берриге а мохк пхьуьйраза буьсур болуш санна,хьаннал къахьогуш доьзалш кIезиг бац Нохчийчохь.
Царех,къахьегарца дахаран бух буттучех, кханенах тешош,вахар маьIне дечех ву Новр кIоштан Рубежни юьртара Магомадов Мохьмад а,цуьнан доьзал а. Иза мух-мухха а воцуш, ялташ,стоьмаш кхиош долахо ву, 49 шарна схьаэцна дуьйш-дерзош латтанаш а долуш. ХIора шарна а санна,кхушара а кхиош ду Мохьмада маьлхан хIуш, хьаьжкIаш,хорбаш,гIабакхаш…
Ша къаьстина йистехьо лаьтта буьзна богIу кенаш охкийна кемсаш. Мархин бутт белахь а,царна тIехь таьллингаш чIагIъеш, малделла телаш дулуш, хаддаза дилхинчу догIанаша дебийна могIанаш юкъара къух дIадоккхуш,охьатаьIIа болх беш го масех жима стаг,тIаьхьо билгал мА даллара Магомадов Мохьмадан пхеа кIантах виъ.
Циггахь «карийна» тхуна латталелорхо а. Шен кхиамех,эшамех,шаьш къарьечу халонех дуьйцуш ву Мохьмад ша.
Мохьмад: «Кху догIанаша дика новкъарло йина. Лазарш девлла гучу.асар дебна чIогIа. ХIинца, гой хьуна, куьйга къух дIадоккхуш бохку хьуллахь кIентий… Уггар чIогIа оха ловш йолу хIун ю хоьттий ахь? Дера ю и кемсаш дIайохка некъ цахилар. 25-30 тонна кемсаш хуьлу тхуна кху 4 гектар амма уьш дIайохка некъ ца карабо. Дагестан ГIизлар гIалахь кху кемсех тхун цхьа туьма я цхьайтта сом бен ца ло,ткъа шайчарна 2 туьма ло.
Тхуна цунах пайда ца хуьлу хIайда хуьлу. Дийнна шарахь къахьегча тхун харж дIаяьккхича бухадуьсург 300 эзар а хуьлу,400 а хуьлу. Шен чудерг гIолехь ду хьуна. ГIийла сискал йоккхуш Iар дика ду,болх-некъ боцуш буьйлабелла а ца лелаш…»
Дуьйш-дерзочу латтанех, кхиочу ялта-стоьмех дуьйцуш волчу Новр кIоштерчу Рубежни юьртарчу вахархочо Магомадов Мохьмада билгалдаккхарца, шайнне бутт кхаба лаа а лиъна, багахь марханаш а долуш къахьоьгуш ву воккхах волу кхо кIант.
Уьш кхетош –кхиорехь, лартIа доцчу, эхьечу,кхардамечу хIумнашна бераш генахь кхабийтарехь коьртачех коьрта некъ, мехала »герз» лору дас-Мохьмада къинхьегам. «Балхана тIера ахь доьзал кхиабахь,иза хьуна муьтIахь а хир бу хьуна,хьарамниг, къилахьдерг цара юххе а дуьтур дац хьуна»,- боху Магомадов Мохьмада.
Къинхьегамна тIера,хьарам-хьанал хIун ду а хууш, гIиллакх-гIуллакх а девзаш, ерриг юьртана а масал бу Мохьмадан доьзал бохуш тоьшаллаш до юьртахоша а. Царех ву хьехархо Цуцаев Iалавди а. Магомадов Мохьмад хьахавелча Iалавдис элира.
Iалавди: «Билггал дало масал ду-кх тхан юьртахь, ийманехь, гIиллакхехь, балхана тIера доьзал кхиорехь. Иза Магомадов Мохьмадан доьзал бу. Цуьнан и божабераш,пхиъ кIант а ву уьш,ишта оьзда дика цхьа йоI а ю.
Ламаз мархица а,даима а рузбанехь,маьждигехь а ду бераш. Цуо санна хьанал-хьарам а къасто хууш, къинхьегамна тIера кхио дезар-кх массо нохчочо а бераш.»
Дика дебош, хьаннал къахьегарца схьабогIучу шен юьртахойх дийцина хьехархо Цуцаев Iалавди тешна ву, нахана хьелаш кхоьллича, Магомадов Мохьмадан доьзал санна къахьега лууш берш махкахь шорта бу аьлла.
Цхьа хIума доло, юьхьарлаца таро цахиларна гIорасиз го дукха юьртахой, махках бовла, кхечу пачхьалкхашка дIабаха ир-кара а хIиттабо Цуцаев Iалавдина хетарехь.