ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь тезетан денош


Шоьтан буса Иракъерчу Эл-Каррада кIоштахь нах бойуш, чевнаш а еш дина теракташ бахьанехь къоман тезетан де кхайкхор доьху Иракъан куьйгалле БагIдадан мэрино. И хаам баржийна мэрин кхерамзаллин декъан комитетан векало Ар-Рабии Мухьаммада. Боллу гIалин бахархойн цIарах пачхьалкхехь къоман тезет кхайкхор доьхуш официалан кехат Иракъан премье-министре Ал-Iабади Хайдаре дIахьажийна шаьш аьлла билгалдаьккхина Ар-Рабии Мухьаммада.

Министрийн кабинетан куьйгалхо ша а хилира бохам хиллачу меттигехь. Амма тергамчаша даредарехь, багIдадхоша сийсазвохуш кабинетан министр, маьхьарий детташ "экстремистех пачхьалкх цIанъе" бохуш, цуьнан машентIе тIулгаш, пластикан шишанаш, чийликаш детташ эккхийна хиллера.

Шоьтан буса динчу Иракъерчу Эл-Каррада кIоштахь динчу терактехь вийна 130 стаг, бIеннашкахь бу лазийнарш. «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобано шена тIелаьцна и зулам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG