Оьрсийчоьнан атлеташа Рио де Жанейрохь хир йолчу Олимпиадехь дакъалацарх лаьцна сацам бан безаш ю Лозаннера спортан арбитражан суд. Цу хьокъехь кхеле яьлларг ю Оьрсийчоьнан Олимпин комитет а, Дуьненаюкъара атлетикан федерацин ассициаци а.
Лозаннерчу кхело бинчу хаамца, ши агIо реза хилла шайн къийсам сихайинчу процедурехула чекхбаккха. Оьрсийчоьнан спортхой Олимпиаде битарх лаьцна сацам бан безаш ю Лозаннера кхел кху беттан 21-гIа де тIекхачале.
Мангал-бутт чекхболуш Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс хаам бира, Оьрсийчура атлеташ Олимпиаде баха дагахь бу шайн-шайн цIарах дехар а дина аьлла. Цо дийцарехь, Лозаннера кхеле а бевла, спортхой тоьшаллаш дало дагахь бу шаьш допингах пайдаэцна цахилар гойтуш.