ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболхочунна Мессина хан кхайкхийна Испанин кхело


Испани -- Месси Лионел а, цуьнан да Хорхе Месси а Барселонерчу кхелана хьалха. Манг. 2, 2016
Испани -- Месси Лионел а, цуьнан да Хорхе Месси а Барселонерчу кхелана хьалха. Манг. 2, 2016

Цхьацца шо исс-исс бутт хан кхайкхийна Испанерчу суьдо дуьненна а вевзаш волчу «Барселона» клубан футболхочунна Аргентинан махкахочунна Месси Лионелана а, цуьнан дена а. И шиъ бехке вина пачхьалкхана йогIуш йолу ял дIа ца яларна.

Цу таIзаро набахте хьажо декхарелахь ца во Месси а, цуьнан да а, хIунда аьлча шина шарал къезиг хан тоьхча иза арахь яккха бакъо ло Испанин низамаша.

Рейтерс агенталло бинчу хаамца, пачхьалкхана ял ца яларна Мессина а, цуьнан дена а гIуда а тоьхна суьдо. Цуьнан барам бу ши миллион евро Мессина, цхьа миллион ах миллион евро цуьнан дена.

Испанерчу талламхоша чIагIдарехь, Месси а, цуьнан бахамна урхалла дечу цуьнан дас а пачхьалкхана дIа ца деллачу ахчанан барам бу 4 миллион сов евро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG