Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина Дагестанехь 2012-чу шарахь вадийна-вайначу шина вахархочун гергарчарна 123 эзар евро дала. ХIинжа-ГIалахь полицин духарахь хиллачу наха саццорха кароза висина Алиев Сираждин а, Абдулаев ГIеза-Махьма а.
Уьш бовдийна дуккха а нах тоьшаллехь а болуш. Юьхьанца полицин декъе а кхачийна, тIаккха Ставрополан агIор дIавигина и шиъ, чIагIдо гергарчара. КхидIа царех хилларг хууш дац. Оьрсийчоьно бохам кхоччуш ца талларна тоьхна цунна Страсбурго рогIехь гIуда.