ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь хенаш тоьхна ДАIИШ-ца гергарлонехь хиллачарна


Чиллан-баттахь дуьйна дIайоьдуш яра Грацехь джихадхойн идеологи яржорна а, иттанаш кегирхой, шайна юккъехь дуккхаъ нохчи а болуш, Шемарчу тIаме хьовсорна а бехке лоручу боснихойн къомахчу имамна Мирсадна дуьхьал процесс.

Цуьнца цхьаьна бехкебечийн гIенташ нохчийн къомах цхьа жимстаг а вара, Мухьарбек цIе а йолуш, Мирсадин пропагандига ла а доьгIна, Шема а вахана, цигахь ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан могIаршлахь тIом бина, Австре юхавирзинчара лаьцна волу.

Вуно чолхе а, вуно тамашийна а процесс яра иза.

Чолхе – хIунда аьлча масех баттахь яхъеллачу кхелехь вуно тамашийна а, маьттаза а, къиза а хIумнаш дара дийцаре деш, лаьцначара лелийна я цара вовшашка а, кхечаьрга а дийцина долу.

Чолхе – хIунда аьлча ДаIишан маьттазлонийн, къизаллийн тоьшаллаш до видеош цигахь гайтарна а, цу къизаллин тешаш царех лаьцна деталашкахь дийцарна а.

Чолхе – хIунда аьлча, адамийн дог кийрахь долчунна муьлхачу динан я муьлхачу къомах иза велахь а хала ду, цу наха, Делан дин дашца я герзанца кху лаьттахь даржадеш ду шаьш бохуш лелачу, вовшашка дийцина боьха, маьттаза, сийдоцу къамелаш хаза.

ЛадоьгIуш Iачу кхел тергалйечеран Iеттон дог керчол ирча хIумнаш, оьзда доцу къамелаш цу кхелехь гучудохуш хиларна, хийранаш ца бийцича а, цу бехкебечийн шайн наной а, вежарий а, хIусамнаной а болуш и нисделла къамелаш кхелоша гулбеллчарна дIадоьшучу хенахь уьш хезаш Iаш.

Амма иза ерриге а лирика лара а мегар ду. Ткъа конкрете кхело беттанашкахь теллинарш кхин дара - мас стаг муха радикале верзийна цIарна цIеяханчу, хийла нана елхийначу Венерчу шозлагIчу кIоштанарчу маьждиган имам волчу боснихочо Мирсада шен хьехамашца? Цу нахах мас стаг Шема вахана? Цу Шема баханчара цигахь муьлха зуламаш дина? Иштта дIа кхин а.

Процессан тIаьхьара де а ца дирзира, цу процессан хIора де аьлча санна ма ца дерзара, цхьа IалагIож йоцуш. ХIинцалца схьа хиллачел а алсамох юхь тIе тутмIаьжигш йоьхкина полисхой а бара кхел ларйеш.

Ткъа де делкъенга долучу хенахь цIеххьана кхелан кхерчара массо а стаг, тергамхой а, журналисташ а, гочдархой а, ур-аталла адвокаташ а арабовла дийзира мел кIезга а цхьана сохьтана. Бахьана – Iедалхошка хаам кхаьчнера, кхел тергал ян баьхкинчу Мирсадан агIончашна юккъехь кхераме Iалашонаш йолу кегий нах бу аьлла.

И божарий, дегIаца хьовсуш теллинчул тIаьхьа, юах кхелан кхерча чу битинехь а, амма кхечарех къастийна, йистах ховшийра, уллохь лаьтташ дуккхаъ Кобра леринчу кхерамазаллин тобан белхахой а болуш, уьш шайн тидамехь латтош.

Процесс тергал ечу журналисташна юккъехь яра Австрерчу Профил журналан корреспондент Цоьхлинг Криста, цу кхелах лаьцна дуккхаъ артиклаш язйина йолу а, Австрехь джихадхойн леламех журналистан талламаш беш йолу. Цо дийцира Маршо радионе, шена цу процессехь уггаре а дагахь дисинчух а, тIеIаткъам бинчух а лаьцна.

Цоьхлинг Криста: „Сан тидам шена тIебахийтарг Мирсадца доьзна дара. Цо чIогIа говза а, хIилланца а аргументаци йора. Маттана шера ву иза чIогIа. И процесс чекхйолуш со кхийтира оцул дукха кхиазхой цунна тIаьхьахIиттарх.

Цхьана тешо ма-аллара, ша бедан кIорнеш нана-бадна тIаьхьа ма-леллара, и бераш цунна тIаьхьа хIунда лела кхийтира со. Риторика дика хаьа цунна. Муьлхачу а хаттарна я КъурIанна тIера, я хьадисашкара жоп ло цо. Ткъа политикан контекстера шега хIума хаьттича, масала, ахь хьехамашкахь нах байъарх я джихадизмах а, я террорах хIараъ-хIараъ ма элира аьлла, тIаккха цо, „вай, ас деккъа КъурIанчуьра цитаташ дахкийра-кх“ олура.

Вуно хьехаме дара суна и сурт гар. Вукху агIор амма, царна дуьхьал хилла Iедалан тоьшаллаш, масала, Мирсадан машен чуьра дIа цара дина къамелаш... Iедало цуьнан телефоне ладогIарийн протоколашкара цитаташ яхкош гуш дара, цара кхелехь санна а ца деш, хIетахь кхечу кепара къамелаш динийла. КъурIаний, хьадисаш дийцина ца Iара цара цигахь-м, кегийчу зудберех Шемарчу лай бухку-оьцучу базарахь хIун мах буй, адамашна арсаш хьекхарий дуьйцура. И дара суна тIеIаткъам бинарг – и Мирсад сел тайп-тайпана ролаш ловзон гуьнахь хилар. Бакъволу артист санна“.

Кхаарийн сарахь кхело шен сацам гулбеллачаьрга дIакхайкхабале тергамхошна а, журналисташа а динчу шайхаллашца, кегирхой радикале а берзош, уьш Шема тIаме хьежийначу имамна Мирсадна гергарчу хьесапехь I0 шо хан тоха мегаш дара. Амма процессан тIаьхьарчу дено гайтира и прогнозаш дукха кIеда хиллийла.

Кхелахоша, цул хьалха бехккъасторхоша Мирсад а, Мухьарбек а ший а бехке шаьш лоруш хилар довзийтинчул тIаьхьа, хаам бира гулбеллачаьрга, ша шех Эбу Тейма олучу, ткъа юкъаралло „цабезаман имам“ шех аьлла цIе дIаяхначу Мирсадна 20 хан набахтехь яккха тоьхна аьлла.

Ткъа Шемахь тIом бина юхавирзинчу Мухьарбекана – 10 набахтехь яккха. Хьахон а оьший, шинна а лаьцначара шаьшшиъ цхьанна а хIумана бехке ца хилар чIагIдеш хилар а, цу шиннах, мел кIезга а цхьаннан, Мирсадан адвокат кхелан сацамна дуьхьал аппеляци ян дагахь хилар а.

XS
SM
MD
LG