ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ниццехь 80 сов стаг вийна, кхин а бIе сов лазийна


КIайн гата тоьхна йоккха кир лелон машен Ниццерчу Ингалхойн бердйисте олучу цу гIалахь уггаре а меттигерчу бахархошна а, туристашна а дукхабезачех урамехь гулделла адамаш хьеша йолаелча, цкъа хьалха, дукхахберш и ларамаза доцийла кхета а ца кхеттера, цу бохаман тешаша дийцарехь.

Амма и машен саца а ца соцуш, ши километр сов нахана тIехула а юьйлуш, цул совнаха, шопаро иза адамаш дол-долче тIе а хьийзош, лелаш хиларо кхетийра, хуьлуш лаьттарг цхьаьна ямартчу Iалашонца деш дуйла.

Цу мIаьргонашкахь Променад-дез-Англе урамехь Францин къоман дезде, Бастили яккхарна сийна кхосса кечйинчу фейерверке хьовсуш эзарнаш адамаш дара. Урамаш цигахь къевлла долшехь, цул совнаха, Францехь даханчу шарахь терорхойн тIелатарш хилча дуьйна вуно алсам Iедалхой урамашкахь а болшехь, и нана-йоккха кир лелон машен цу метте дехьа муха аьлла цкъачунна кхеташ дац.

Кхеташ дерг кхин ду – нагахь санна Францин президенто Олланд Франсуас пIераска Iуьйранна ша къоме вистхиларехь ма-аллара, боккъал а терроран акт елахь, тIаккха Франци хилла ца Iаш, йоллу Европа а, Малхбузе а террорхойн керлачу дименсица а, керлачу хотIаца а Iоттаелла хилар.

Цу керлачу террорхошна ца оьшу шайна тIехьа лаьтташ цхьа а онда, нуьцкъала цхьаьнакхетаралла а ца оьшу, я царна даккхий ахчанаш а ца оьшу, дуккхаъ нах бойъуш, тIелатарш дан, я дукха накъостий а ца оьшу и тIелатарш кхочушдан.

Уьш шаьш Iачехь шайн каракхача йиш йолчу гIирсаца ка ма-доллу алсам нах лазон я байъа а гIорта йиш ю. Аналисташа а, террорах болчу эксперташа а шайх „цхье берзалой“ олучу цу кепарчу нахах хила мегаш ву хIинца Ниццехь машенаца нах баъйина волу стаг. Цу стагах лаьцна цкъачунна хууш дукха хIума дац.

Тунисера орамаш долуш, амма дуккхаъ шерашкахь Ниццехь вехаш волу цуьнан цIе Бухлель Мухаммед Лахвайедж ю аьлла дIахьедина Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало. Полицина цхьацца пайдабоцу къепедацарш, къоланаш, куталш дарна вевзаш хилла иза, амма цкъа а эскремизмаца я террорхошца цуьнан бала хилар бохург гучудаьлла ца хилла. Ткъа хIинца и стаг, нагахь санна иза билгал Бухлель хиллехь а, мича бахьанца я Iалашонца сел къиза зулам дан араваьлла хилла бохург хууш дац.

Ниццехь бехаш хазнесанна дукха нохчи а хиларна, цу бохамах лаьцна яьхна йолчу видеогайтамех дуьххьарчарех цхьаъ вайнехан жимчу стаго шен телефон тIехь яьккхина а, цу гайтамехь нохчийн мотт буьйцуш, шайн гергара цхьа йоI лоьхуш нах хиларна вуно дукха вайнах бу, зулам нохчех-м ца хьакхаделла-теша, вайн махкахойх цхьа а-м ца нисвелла-те лазийначарна я баъйинчарна юккъехь, бохуш, сагатдеш. Эладиттанаш лела ватсапехула а, социалан машанашкахула а, цигахь нохчийн зуда а йина бохуш.

И хаамаш толлуш Маршо радион зIе хилира Ниццерчу коьрта маьждиган имам а, цигахь ехачу Нохчийн, ГIалгIайн Ассамблеян куьйгалхо а волчу Магамадов Рамзанца. Еари буса и бохам хилча дуьйна схьа хьал шайн тергонехь латтош ду шаьш, аьлла дийцира дешначу стаго.

Магамадов: „Сийсара и хIума хиллачул тIаьхьа цу гонахь а, цу йистехь а бехаш болчу вайнахаца тхо зIене а девлла, цаьрга массаьрга а оха хеттамаш бина. Цигахь вийна я дера чевнаш йина вайнах бац. Цхьа бер ду цигахь лахийна, лоьрийн цIийнахь, цуьнан деца-ненаца сан къамел хилла, кхераме лазийна дац боху цара иза, тахана цуьнга хьажа лоьрийн цIийна ваха везаш ву со, амма цкъачунна Iедалхой бу цигахь шайн белхаш беш“.

Цу юкъана еари дийнахь, Ниццехь бохам хилале жимма хьалха, ша къоман даздарийн хьокъехь телевизионехула вистхуьлуш махкахь тIаьхьарчу эха шарахь сов латтош долу лерина хьал юхадоккхур ду, аьлла,дIахьедар дина хиллачу Францин президенто Олланд Франсуас пIераскан дийнахь терроран тIелатар хиллачул тIаьхьа ша динчу къамелехь хаийтира, и хьал кхин а кхаа баттана дахдийриг хилар.

Бакъду, и лерина хьал махкахь долу масех бутт а болшехь, урамашкахь къепе ларйеш совтIеха полисхой а болшехь, и бохам ца хилийта ницкъ цу леринчу хьолан ца кхачар ца хьахийра рогIера бохам ловчу Францин президенто.

XS
SM
MD
LG