ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Исламан пачхьалкх» шайх олучу террорхойн тобанийн буьйранчалло интернетехула шена тIеэцна Францерчу Ниццехь пIераскан буса дина зулам. Цо дуьйцу, шен цхьана «эскархочо» кирлелош йолу машен тIехула а йохуш, дайина адамаш.

Бастилли яьккхина де даздеш майдана гулбеллачу нахах вийна зуламхочо 84 стаг, 200 сов лазийна ву.

ДАIИШан пресс-гIоьнчалло бахарехь, Ниццехь бинарг бекхам бу «пачхаьлкхаш цхьана а кхетта, ДАIИШ-ах летарна». 31 шо долу Тунисера схьаваьлла Францин вахархо Ляуэйж-Булэль Мохьамед ву машенца нах байинарг. Полицино зуламаш деш хьийза машен сацо гIертачу муьрехь герз тоьхна вийна иза.

Низамхоша хаийтина, шаьш хиламца доьзна 5 стаг лаьцнийла, царалахь Буэлелехь хилла зуда а йолуш.

Францойн телевизионашка террорхочун дас дийцира, шен воI цхьана а динан балаболуш а вацара, я маьждиге лелаш а вацара, аьлла.

Францерчу Ниццехь еарийн буса терактехь лазийначу нехан декъахь ю цигахь еха нохчийн йоI а. Цуьнан ший а ког каггийна, дуьйцу Ниццехь бехачу нохчаша.

XS
SM
MD
LG