ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова Наташа дагалоцуш


Нохчийчоь --Эстемирован Наташа (аьрро агIор), Соьлжа-ГIалахь, белхан накъосташца, 26Тов2007
Нохчийчоь --Эстемирован Наташа (аьрро агIор), Соьлжа-ГIалахь, белхан накъосташца, 26Тов2007

Бакъоларъярхо Эстемирова Наташа йийна 7 шо кхочуш иза дагалаца гулбелира пIераскандийнахь бакъоларъярхой, юкъараллашкара жигархой Москох а, Европерчу цхьацца шахьаршкахь а.

Цхьалха пикеташ дIаяьхьира Москох Оьрсийчоьнан Талламан комитетан гIишлошна хьалха.

Ишттачех гулам хилира, масала, Норвегин коьртачу гIалахь Ослохь. Цигахь Оьрсийчоьнан векалтна хьалха меттигерчу нохчийн жигархоша дIахьедира, шаьш Оьрсийчоь декхарейо Эстемирова йийна нах схьалаха а, царна доггIIу таIзар дан а, аьлла.

2009-чу шарахь бакъоларъяран «Мемориал» центран Нохчийчуьра векал Эстемирова Наташа ядийра Соьлж-ГIалахь, йийна карийра ГIалгIайчохь. Зуламхой бац схьакарийна хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG