ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхетамна эшначу зуламхойн могIа буьзина Мюнхенерчу талорхочо


Немцойн Мюнхенехь пIераскан сарахь рогIера бохам баьккхина герз карахьчу талорхочо. Йохк-эцаран центрехь а, фаст-фуд ресторанехь а гулбеллачу нахана тапча етташ, 10 стаг вийна цо, кхин 27 -нна чевнаш йина

ПIераскан сарахь Мюнхен гIалин юккъехь, йохк-эцаран центрехь герзаш детта аьлла дуьххьара хаамаш телевизионехула брейкинг ньюс режимехь баржон болийча, массарна а уггаре а хьалха коьрта чу деанарг – цигахь террорхоша тIелатар дина бохург дара.

Хьалхарчу мIаьргонашкахь хилла ца Iаш, кхин а масех сахьт даьлча а я полисхошна а, я цу гIалахь бехачарна а, я бохаман тешаш нисбеллачарна а ма-дарра хилларг хIун ду хаа ка ца долуш хилар тидаме эцча-м муххале а.

Тайп-тайпана дара хиллачуьн тешаша дуьйцуш дерг – кхерваларан бIаьргаш баккхий хуьлу бохучу аларца догIуш ма-хиллара, цхьана тешо чIагIдора, герз детташ кхо стаг гира шена бохуш.

Вукхо тоьшаллаш дора, богIу-боьлхучарна герз детташ хиллачех цхьаммо „АллахIу акбар“ аьлла мохь тухуш хезира шена бохуш. Кхин цхьаммо бохура, герз йохка-эцаран центрехь диттина ца Iаш, Макдоналд ресторанехь хIума кхалла гулбеллачарна а диттина, бохуш.

Цу хьелашкахь хиллачун сурт юхаметтахIоттор вуно чолхе болх бара, хIунда аьлча, оцу сохьта Мюнхенерчу Олимпиа-центр цIе йолчу йохка-эцаран кхерчана гонахьа дIагулбеллачу полисхошна цигахь ца карийра талорхо я талорхойн тоба.

Цара карийнарш байъина Iохкуш болу нахий, лазийна берший, кхерабелла, шаьш мича лелхар бу ца хууш, маьхьарий хьоькхуш дIасауьдуш болу нахий бара.

2300 полисхо тIеоьзнера Iедало герз деттар хиллачу метте. Стигала айдинера полисхойн а, лоьрийн а биркеманаш. ЦIе йойъучеран машенаш а, чехкачу орцан машенаш а тIететтинера Олимпиа-центрана. Полисхойн цхьана декъо бохам хиллачу меттера бIеннаш нахана эвакуаци ечу юкъана, важа дакъа талорхочуьн я талорхойн тобан лараш лохуш дара.

Мюнхенан яхархо, яздархо Штайнер Хайди Олимпиа центрана гена йоцуш ехаш ю. Цо Маршо Радионе дийцира, яханчу суьйранна а, буса а хилларг ша муха мичахь лайра а, мюнхенхошна шайна цкъа а гина боцучу ирчачу хиламо хIун тIеIаткъам бира а.

Штайнер:Соьга сан цхьана доттагIчо телефон туьйхира, хьо мичахь ю аьлла. Вуно цеце вара иза, хьо йолчехь сацалахь, ара а ца йолуш элира цо соьга, Олимпиа-центрехь герзаш ду детташ, хилларг хIун ду цкъачунна хууш дац, аьлла. Ниццехь тIелатар хиллачул тIаьхьа, я кхуза Баварехь цхьана ОвхIанерчу мухIажаро Китайрчу туристашна диг детташ, дукха адам лазийначул тIаьхьа суна а, со санна кхечарна оцу сохьта дагдеанарг дара, хIинца юха исламхойн цхьа питана ду-кх хьуна иза аьлла.

Тхо дерриг а чохь севцира. Массара а вовшийн бовза-безачаьрца зIенаш йора, уьш мичахь бу-те, кхерамазаллехь, могуш-маьрша буй-те хоьттуш. Ирреалитетан хьал дара иза. Хьуна цкъа а ца моьттинчу кепара хьал дара иза. Йоллучу Мюнхенехь полисхой, бир-кеманаш бен хIума дацара. Мюнхенехь а, я цхьанна а кхечу немцойн йоккха гIалахь цкъа а хилла хьал дацара иза“.

Талорхо я церан тоба Iедалхоша лохучу муьрана Мюнхен гIалахь массо а юкъараллин транспортан болх сацийнера. ГIалин коьртачу цIерпоштан вокзал, Iедалхоша го а лаьцна, дIакъевлинера.

Долахьчу машенашца новкъахь болчаьрга полисхоша кхайкхамаш бора, гIалин юккъехула ца леларе, ларамаза Олимпиа -центран уллохь нисбелла автомобилхой Iедало кхечу урамашкахула дIахьовсабора, талорхой лахаран леринчу операцина цаьрга новкъарло ца яйта а, талорхошца герзаш дIасатухуш хилахь, машенаца боьлхуш болу некъахой лаза ца байта а.

Йоллучу гIалахь лерина хьал кхайкхинера Iедало. Мобилан телефон мел йолчу гIалин бахархошка смс-хаамаш бахьийтинера, шайн кхерчашкара ара ма довла, лерина операци чекхйаллалца, аьлла, ткъа цу сохьташкахь арахь нисбеллачарна кхайкхам бира, шайна чу даха уллохь нис елл-еллачу петаршка а, кхерчашка а, Iедалан гIишлошка а чу ловчIа, аьлла.

Цкъа а мюнхенхошна гина сурт дацара иза, бохуш дуьйцу Штайнер Хайдис кхин дIа а. Ткъа цу ирчачу, муха доьрзур ду ца хучу хьолехь уггаре а хазахилларг а, дог токхе доккхуш, гIалин бахархошка вовшех дозалла дайтинарг а дара, цо дийцарехь, Олимпиа-центран уллохь бехачу наха цхьаммо а омра я дехар дан а ца дезаш, шаьш дага а бевлла, шайн петарийн неIарш урамашкахь арахь бисинчу некъахошна а, туристашна а схьаеллар, уьш кхерам дIабаллалца шайн чу битар, царна юург-молург-тховкIело луш.

Штайнер: „Суна хетарехь, массеран а цхьатерра синхьаамаш бу - ша цхьана агIор цхьа позици схьалаца езий кхета массо а. Цундела бахархой а, полисхой а вовшех дика кхеташ, вовшашца дика уьйраш йолуш бу.

Юкъараллехь барт лакхабоккхуш хьал а ду иза. Меттигерчу бахархоша шайн петарийн неIарш схьа йиллина, арахь биснарш чукхайкхира, шайна хийра адамаш муьлхачу хьолехь ду хьовсуш, уьш кхерамазаллехь хилийта гIерташ хIума лелийра цара. Иштта хьоло адамашна юккъера уьйр-марзонаш чIагIйеш хилла.

Цул совнаха, суна хетарехь, цигахь хилларг хIинца а дикка кхета а, цуьнан жамIа дан а кхиина бац нах. ХIораммо а ойланаш йо, гIайгIа а кхобу – хIара саннарг хIинца тIейогIучу заманан мукъам бу-те, ахь хIун дан деза цунна дуьхьал, бохуш“.

Цу юкъана хиллачун сурт билгал ца долуш дикка хан елира. Юкъ-кара харц информаци яьржара бахархошлахь, герзаш деттар кхин а масех меттехь хилла, талор динарш радикала исламхой бу, тIелеттарг цхьаъ вац, дийна тоба ю бохуш.

ТIаккха хIинцацул масех де хьалха оццу Баварерчу Вюрцбург гIалахь цхьана ОвхIанера Германехь тховкIело а карийна вехачу 17 шо долчу жимчу стага, исламхойн паролаш а кхайкхош, керистанна бекхам бан араваьлла ву ша бохуш, цIерпошти чохь диг а, урс а детташ, 14 стаг вен гIоьртина.

Царна чевнаш йинчул тIаьхьа а, Ниццехь ши кIира хьалха цхьана синан лазарша хьийзош хиллачу жимчу стага тIе кир лелон машен етташ 84 стаг вийначул тIаьхьа а, йоллучу Европина тIехула террорхойн бIарлагIа лелачу муьрехь Мюнхенехь хилларг я хуьлуш лаьттарг боккъал террорхойн тIелатар ду бохучух адамаш тешар тамашийна а дац.

Бакъду, буьйса юккъе йолчу хенахь Мюнхенехь хилларг къаьстира Iедалхошна, талорхо ша шена тоьхна велла карийначул тIаьхьа, иза мила ву а къастийна, иза ваьхначу петарехь талламаш а биначул тIаьхьа. И стаг ГIажарийчуьра орамаш долу 18 шо долу Iела Давид Сонболи хилла, тIаьхьарчу шина шарчохь Мюнхенехь вехаш хилла волу.

Радикалан исламхошца я хиллане а ислам-динца зIенаш йолуш ца хилла иза. Мелхо а, Норвегехь пхи шо хьалха Утойа-гIайре тIехь нах баъйинчу террорхочуьнца националистаца Брейвик Андерсаца зIенаш йолуш хилла иза, синан цамгар долуш, психиатрийн тидамехь а хилла.

Цкъа а зуламаш я талорш лелийна аьлла полисхошна гIарваьлла а ца хилла иза. Цуьнан петарехь талламаш бинчу Iедалхошна карийна амокхоша, аьлча а, цIеххьана герз кара а оьций, юкъараллин меттигашкахь нах байъа арабуьйлучу зуламхойх лаьцна киншка карийна, кхин цул совнаха цхьа а цу стага и тайпа хIума дан йиш яра-кх бохучунна шеконаш кхолла йиш йолу хIума ца карийна.

ХIетте а, хаттар дуьсу бохуш дуьйцу мюнхенхочо Штайнер Хайдис, кхин дIа хIун ду?

И санна долу талорш, уьш хьерабевллачу кегирхоша дахь а, радикалан исламхоша дахь а, уьш хIинцацул тIаьхьа Германин а, массо а европахойн а дахаран цхьа дакъа хилла дIахIуьттур долуш ду? Мехкан урхалла хIун дан дагахь ю, иза иштта ца хилийта?

Штайнер: Чакхенгахь дуьссуш долу хаттар иштта ду - урхалла хIун деш ю кху хьолехь? Кхузахь дIасалелаш цхьа тамашийна адамаш а ма ду, меттигера нах шайна арсаш хьекха схьаделла бежнаш долуш санна хеташ? Шаьш царна шайна ма-тов герзаш детта а, къоланаш дан а, уьш хьийзон а мега аьлла хеташ долу? Урхалла а, Iедалан куьйгалла а хIун дан дагахь ду кху хьелашкахь? И хаттар тIейогIучу хенахь наха алсам хIиттор долуш ду, Мюнхенехь хIиттийна а ца Iаш“.

Шоьтан Iуьйранна дуьйна юха а шен хорше дирзина Мюнхенера дахар. Схьайиллина туьканаш а, болх дIаболийна юкъараллин транспорто а, урамашка девлла адамаш а. Цкъа а ураме бевр бац хьераваьллачу жимчу стаго байъина болу нах – уьш 9 стаг ву.

Чевнаш йина лоьрийн цIеношкахь ву кхин а 27 стаг. Иштта ду Мюнхенехь пIераскан сарахь цхьана стаго баьккхинчу бохаман къаьхьа жамIа.

XS
SM
MD
LG