Низам чIагIдан декхарейолчу урхаллийн ницкъ цхьа а доза а доцуш бу, цара конституцино адамашна кхачош йолу бакъонаш хьоьшу, бохуш хеза Нохчийчуьрчу бахархойн цхьана декъера а, Оьрсийчуьрчу а, дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматашкара а.
Бахархой кхечу декъо Iедалан шогалла бехха тIемаш лаьттинчу махкахь ца хилча ца йолу, цо аттаче докхуш, зуламах цIандо дахар, олу.
Маршо Радионо низамхойн белхан башхаллица дузу кху кIиранан хаттар. Шу реза дуй Нохчийчуьрчу низамхойн балханна, дуьйлий цаьргара гIалаташ, зуламаш? ХIун дан догIу полицин, кхечу къепе латточу урхаллийн болх бахархошна товчу хорша баккха?
ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш. Прагера телефон: + 420 724 0I9 832
Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.
СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 7240I9832
Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.