ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массарна ца тов оьрсийн спортхой Олимпан ловзаршка бохуьйтуш


Оьрсийчоь Рио-де-Жанейрохь хуьлучу Олимпан ловзашка ца юьту а аьлла, хIинца дуьненаюкъарчу олимпан комитето цунна ловзаршкахь дакъалаца магор кеп-кепара дийцаредо дуьнено. Цхьаболчара, масала, Оьрсийчоьнца бизнес-интерес хиларна бехкево комитет куьйгалхо а тIехь.

Оьрсийчуьра спортхой Рио-де-Жанейрохь кху аьхка дIахьон долчу Олимпикан ловзаршка баха мегар ду.

И сацам, дукхахчарна скандале а, харцахь а, тIеэца йиш йоцуш а хетта болу, бовзийтина оршот дийнахь Дуьненаюкъарчу Олимпикан Комитето.

Къаьстина тIеэца йиш йоцуш хеталора и сацам даханчу кIиранахь Швейцарерчу спортехула йолчу арбитражан кхело оьрсийн яйчу атлетикан спортхой Олимпиаде бахийтар ца магош йолу шен вердикт йовзийтинчул тIаьхьа.

ХIетахь, и вердикт кхело дIакхайкхаялле хьалха, Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитето аьллера, спортхой Олимпиаде битарх тIаьхьара дош ала бакъо шегахь йолчу, шаьш кхелан сацам тергоне а оьцуш, къастор бу оьрсийн тобан кхоллам, аьлла.

Амма хIинца и сацам шаьш тергал а ца беш битар гайтина цара, и сацам шайн лаамца ца богIуш хиларна делахь а, я муьлха а кхечу бахьанца делахь а.

Цу кхечу бахьанашна юккъехь дуккха а хIуманаш хила тарло. Малхбузерчу аналисташна а, хаамийн гIирсашна а хетарехь, ду царна юккъехь, масала, дуьненаюкъарчу спортан функционерашлахь яьржина йолу коррупци.

Цу функционераша тоххарехь спортий, шайн бизнес-интересаший вовшах иэйина хилар. Уьш стешха а, хIуманах хьожа ца йогIуш а хилар.

Немцойн уггаре а тIеIаткъамечех кIиранан Ди Цайт газетан спортан колумнхочо Шелер Фабиана яздо цу хьокъехь: „Спортан арбитражан кхело оьрсийн атлеташ Олимпиаде ца бита сацам бинчул тIаьхьа Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитетан куьйгалхочун Бах Томасан шортта хан яра, къоман тоба ловзаршка ца йитина цу комитетан дуьхьарлера президент санна исторехь виса сацам тIеэца.

Амма Бахс балд тIе церг тоьхна кхин сацам бира – кхин хIуммаъ дацахь а, цуьнан доттагIчун Путинан къоман тоба ма юй цигахь юьйцуш ерг“, бохуш.

Авторна хетарехь, Бахс куьйгалла дечу комитето тIеэцна сацам допинг лелорна шога контрол яр дIадалар гойтуш сацам бу. „Антидопинган къийсамехь массо а хIума къастош, и элп тIехула болу тIадам дIахIотторна метта Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитето спортан дуьненахь барт бохийна“, - аьлла тешна ву Ди Цайт газетин автор.

Бах Томасан сацамо спортан дуьненан барт бохабо аьлла тешна бу иштта Францерчу Ле Монд газетин авторш а. „Рио-де-Жанейрохь Олимпикан ловзарш доладала дисина ши кIира бен а доцучу хенахь майраллин мидал-м ца йогIу хьуна Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитетана“, - бохуш яздо газетано шен комментарехь.

Цу комитето оьрсийн спортхой ловзаршка бахийтарх болу сацам хIора спортан ша-шах йолчу федерацийн кара дIабелла хилар хьокъехь редакцино яздо, „Бах Томасна шал шера хаьа, цу сацамо спортан дуьненан барт бохор буйла“, бохуш. „Кхин цхьа тамашийна хIума а ду – Степанова Юлиян Бахс куьйгалла дечу комитето кечбина кхоллам.

Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитето цу спортхочуьн агIор хьажийна йолу сигнал массо а потенциалечу информаторшна а, дуьненчохь спорт цIенчу низамашца лелорехь къуьйсучарна вуно гIайгIане сигнал ю“, аьлла тешна бу журналисташ.

Ала догIу, цу артиклехь хьахийна йолу Степанова Юлия, шена а масех шо хьалха допинг лелош гучу а яьлла, дисквалификаци йина хилла йолу, Малхбузерчу журналисташна Оьрсийчохь спортхоша а, Iедалан лакхарчу хьукматхоша а ца магийначу молхнашца къепедацарш а, бозбуанчаллаш а лелор ма-дарра дийцинарг яра.

Цо дина гучудахарш бахьана долуш балхах вуьйхира Оьрсийчоьнан яйчу атлетикан федерацин президент Балахничев Валентин. Оьрсийчуьра едда Канадехь ехаш йолу Степанова тIейогIучу Олимпиадехь къовсаялийта аьлла дехар динера масех кIира хьалха Дуьненаюкъарчу антидопинган комитето.

Амма хIинца Дуьненаюкъарчу Олимпикан Комитето цу йоIана дихкина ловзаршкахь дакъалаца. ЦIена спорт Оьрсийчохь хилийтарехь къуьйсучарна массарна а хаийтархьама санна – шайн батош совца а яй, Iад Iе, я спортехь карьера йицъян мегар ду шуна аьлла.

Ала догIу, Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитето, оьрсийн спортехь допинг лелорца доьзна оццул IалагIоже гучудовларш хиллашехь, сацам бина конкрете допингах пайда оьцуш гучубаланза болу Оьрсийчуьра спортхой кхушарахьлерчу Олимпиаде бахийта.

И бохург ду, 400 стагах лаьттачу тобанах 40 герга спортхо бен цу къовсаме кхочур вац бохург. Делахь, иза а тоуьш ду Оьрсийчоьнан куьйгаллин Бах Томасан хьукмато бина сацам шайн толам санна ган.

XS
SM
MD
LG