ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кандидатан Клинтон Хилларин позици чIагIелла


Сенатора Сандерс Бернис, шеца къовса а елла тоьлла йолу, президентан дарже доморатех къастаелла кандидат Хиллари Клинтон къобалъеш, аьлла «иза хила еза Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент».

Клинтонна дуьхьал гулбеллачара маьхьарий а бетташ болабелира Филаделфехь демократийн гулам. Шайн партин 5000 делегатна хьалха Сандерса бохура, «со дозаллица лаьтта Клинтонна уллехь кху сарахь, цунах тоьлла президент хир ю».

Республиканан партин кандидатца Трамп Доналдца къовсаяла кечлуш ю мехкан лаккхарчу дарже кхочуш Клинтон Хиллари. Цунна ен Iиттарш а хезаш боьдура гулам, амма юкъаралло лоруш волчу сенаторо Сандерса Клинтон къобалъяро чIагIйо демократийн кандидатан таронаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG