ХIордан мохо бердашкахьа лоьхкучу тулгIенех тера, цкъа марсадолуш ,тIаккха лагIлуш, амма саццаза тергалло Нохчийчохь адам Iа а, даха а, гуттаренна а Европан а, кхечу а пачхьалкхашка дIаэхар. Дукха масалш ду цIахь, Даймахкахь, гIийла,миска, декъаза лол бетташ хала хене бовлуш, къоьлла ловш схьабаьхкинарш, Европех дIабахна 3-4 шо даьлча,цIерачарна а гIо дан йиш а йолуш ,нохчаша олуш ма хиллара, чу са а деъна, дIахIиттина.
Иштачеран кетIахь ю бохучех тоьлла машен гича а кхаъ хуьлу хьагI-гамо йоцчу бахархошна,вуно хаза а хета церан Европан пачхьалкхашкахь аьтто хилла. Шо-шаре мел долу цигахь,геналлехь, ирс-аьтто карориш дебаш,алсамбийларо а ир-кара хIиттабо ,схьагарехь, цхьаболу махкахой дозанах а буьйлуш, дIаэха.
Шена хетарг довзуьйтуш ву Теркйистерчу Ломаз-Юьртара 55 шо долу вахархо Каташ.
Каташ: «Нахана кIордийна,болх-некъ а боцуш,оьшург бен хIума а доцуш къоьллехь баха.Цундела дIаоьху. Сан лулахо заьIапхо йоI а юьгуш,дIавахна хIинцца кхо шо кхаьчна. Марха дастале цIа веъна машенахь,шеен доьзал а балош. Валлай и айса эцча санна хаза ма хета суна! Хаъал тоелла йоI а! Кху цIахь цуьнан мича хир яра и таро.»
Цхьаболчарна моттарехь кхечу мехкашкахь керла дахар доло дIаоьхучарлахь кIезиг бац,харцоно лоьхкуш уьдуш берш а. Бахархойн къамелашкахь гуш мА –хиллара,ладегIаме,жоп деха стаг воцуш,хIуъу а хила тарлуш долу дахар кIорда а дина,синтеме сатесна,Европа Iалашо лаьцнарш а бу дукха.
Коьртаниг олалла деш харцо хиларна лилха ца довлу дIаоьхучу нехан могIарш аьлла,хьажам болчех ву ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь веха Абуев Iиса. Цо кхеторехь гIуллакхехь болчеран харцоно уьдуьйтуш бу нохчий кхечу хийрачу пачхьалкхашка. Харцонца а,къизаллица а дузу цо,тIебеъна бусалба нахана уггар беза,лераме мархин бутт а болуш,кхача кечбан таро йоцуш эзарниш нах битар,газ дIа а хедош. Iиса ву карзахе дуьйцуш.
1иса: «ДIа хIунда оьху адам? Дера оьху яллориг къизалла йолу дела! Мархин баттал деза хIун ду бусалбанашна? Цу баттахь газаш дIахедийра нехан. ТIаккха уьш дIа муха ца боьду къизалла яллош хилча. Керт-ков духкуш дIаоьхуш бу-кх нах. Дала аьтто бойла церан. ВорхI бер ду сан вешин кIант.
Цу мархин баттахь ши кибарчиг а хIоттийна юург еш,цо бала хьоьгуш гина ву-кх со. Кхо –диъ шо долчу беро «ваши вайн газ дIа стенна, хьан яьккхина, аьлла хаьттича, цунна муха жоп дала деза? Цу берашкара хIун даьлла. Нийсо цалелаярна а уьду адам махкара аьлла тешна ву-кх со».
Iисас билгал ма даккхара маьхькIамхойн харцонаша сихбо нохчий дай баьхна меттигаш дIатийса. Цуо чIагIдарехь ягарьян воьлча уьш цхьаъ,шиъ хилла Iац.
Кху цIахь гIийлалла,мискалла лайначу махкахойн Европехь нисса бIостанехь дикачу агIор дахар хийцаделла хаза хеташ берш чот йоцуш дукха бу. Бакъду,дукха тIех гена а ца кхийдаш, хиндолчун жимма а ойла ечо,мел лазаме делахь а, мукIарло до,Европехь баха охьахевшинчу нохчех дукхахберш къомана яйна тIаьхье ю бохуш.
Иштачех ву Новр к1оштера Умаров .Цо хаддош боху,ушь ц1ехьа а боьрзур бац,царех кхана –лама немцой а,шведаш а,французаш а,белгийцаш а хир бу.
Умаров: «ДIабаханчеран тIаьхье суна гергахь яйна ю. Цхьа ши чкъор хийца мА деллехь царах европейцагш хир мa бу. Сан гергара стаг ву 62 а долуш Францехь вехаш. Хьан гIуллакх дац цигахь цIавола баьхнера ас . Ца вогIу. Мелхо а марехь йолу йоI а д1айигна. Къанвелла Iаш волчу цунна цIаванн ца лиъча бераш мича догIур ду. ДогIур дац. Цундела боху ас. Царех дукхахберш цIа богIур бац. Уьш цигахь бисина бевлла».
ТIейогIучу хенаца доьзна церан,махках хеддачу вайнехан кхоллам муха хилахь а ,цхьа шеко а йоцуш, хIордо юха-юха а бердашка лоьхкучу тIулгIенех тера, иттаннашкахь,бIеннашкахь керла-керлачу бахархойх,дозанах бовла Iалашо лаьцна, некъахой хуьлу. ХIора денна аьлча а харц хир доцуш,шайн бедарех шаддаш а деш, ков-керт духкий а, ахча-бохча дацахь юхалург доккхий а юьхьарлоцу цара жоьпаш доцу ,хеттарех дуьзна некъаш.