ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молла а ца кхоаво нохчийн забаро


Вайнехан бегаш биттал зама цкъа а яц тIехIуттуш, мел къиза мостагIчо даш тIедеттачу муьрехь-м муххале а лела забарш. Цара сацIиндо, дог-ойла екхайо халкъан. Деза ду къомана дин, ларбо наха шаьш сакхтех, къинош ца хьерчо а гIерташ. Делахь а, нисло динах байракх йинарш а. Иштачех дела а доьлу къам.

Халкъан барта кхолларалло,исбаьхьаллин литературо, ши тIом ловш вайнахана хала деанчу дахаро тоьшалла ма-дарра,нохчашлахь даима а,гуттар а баьрччехь яьхна забар, шаьайпа дарба а хилла,дог тедеш, декаш лаьттина беламе,хьааме дош. Забарш а ю бен –бен: кIо-къаьхьа а,ойлане воккхуш гIайгIане а, самукъане а, ира,Iотта-баккхаме а, дагахь хIума доцу бер санна бехказа а,ишта кхин дIа а. Аьлча а дахаран тайп-тайпаналлех дIадаккха хIума доцуш тера.

Къаркъа муьйлучуьра юха ца воьрзуш, шаьш нахала дохуш,юьхьIаьржа хIиттош,амал,гIад а дайина, схьавогIу,шайн гергара стаг сацо,хир собар а кхачийна,цуьнга къаркъка дитийта схьагулбелла гергарниш. Кар-кара оьцуш дов деш корта лебинчул тIаьхьа,шаьш бегашенна арадевлла цахилар тIечIагIда санна,массо кепара дехаре леткъамаш кхачийча, белхарца»хьайн дели а дуьхьа, хьайн…», бохуш, карзахбевлла йижарий.

Белхарш дезаш воцчу вашас эккхийтина: «ХIан,дитал дакъа доцу тезет, дIаерзайо вайц хIара гулам-митинг!» Бакълена а маларча тIе а тайна,шайн аьллар кIел саца волу моьттуш,хаза хетта хьаьвзинчу йижарша дIалаIийна белхарш а. Яххьаш а екхийна дIахIиттина кхиболу гергарниш а.

Бале ваьллачуьнга дуй баийта,каде схьадеъна кIади юкъахьарчийна «къурIан». « Кху Делера доьссинчу къорIанора,аш со вийча а,ваьккхича а вац со къаркъа дита тахана кийча!»- дуй биъна «кхел» ян валийначо. Циггахь кхин ондачу ницкъаца, »ахIидекъехь йижаирийн белхар карла а долуш,дIадирзина къаркъа дитийтар.

Кху тIаьхьарчу хенахь хьаьжойх а хеза нохчийн юкъараллехь дукха забарш. Схьагарехь иза бух болуш хIума а ду. Дистина деъначу хих вала гечо лоьхуш, дика бIаьрга са а ца гуш,готе хьийза цхьа пекъар хичу воллушехь,цунна кхоссавелла ги хиъна цхьаъ. –Ахь хIун до хьо лааа вуй?

Со ишта а дика са а ца гуш, бIорзгал ма ву,хьаъа а куьг лаьцна дехьа ваккхал. Ахь со дехьа ца ваьккхича со охьа-м вуссур вацI-жоп делла гихь воллучуо.- Хьайн бIаьрга дайначу хьажин цIенора восса охьа!-дехха мискано. Шершшина гира охьа а ваьлла,вукх хазийна:- Хьуна мичара хии со хьаьжо вуй? -Дера хаац суна-м,-кIел ца висна важа а,- шу цхьаннан гихь бен Iаш-м ма дац!

Таханлера дахар дийцарехь доцуш девзачунна, харц а хетар доцуш дукха бакъдерш тергалло кесмт-кеста. Хьажочух ю хIара забар а. Дууш,молуш цхьа мор баьхьначул тIаьхьа дегI лаца а, цуьнан доладан а де доцуш эгна цхьаболу кIентий.

Араваьлла чувогIуш, неIарехь воьжна Iуьллучу цхьанна ког айъина дехьа а ваьлла, Зайндис аьлла: «ХIара кхузза хьаьжо а ву хIоккхуза, ша нускал дало богIучу замойн некъ а лаьцча санна ,Iуьллуш». ГIатта де доцуш Iуьллучо хала куьг а айина, биъ пIелг гайтина ,такхийна-а аьлла: «Со лахван ма гIерта ,доьазза хилла…».

Бехке йоцу забарех доьттина ду вайнехан дахар. Лула юьрта тезета вахна цхьа воккхо стаг. Ламаз дан хьашто хилча цунна дагаеъна,цIийнда а кхелхина байш кхобуш Iаш йолу шен генаро гергара цхьа зуда. Ишта цуьнан дагалецамехь карладаьлла иза куьйга дика йоцуш,бIаьрнегIар ца тухуш къола деш ю бохуш,вон цIе йоккхуш хилар а.

«Ас ламаз дечу юкъана суна-м хIун хир дара», дагахь а долуш ,хIара гергарло карладаккха вахна. Хьал-де хаа воьлча кхунна шен гергара ларалуш ерг цIахь йоций а хиъна, дагахь кхин хIума доцуш хIара ламазе хIоьттина. ШолгIа суждане а вахна,этхьаг деша хIара охьалахваларций,схьалилхинчу шина-кхаа беро,кхуьнан киснаш ахчанех дIацIандина.

Цара киснашка топ тоьхна ша ламаз дина ваьлча кхо ша-шега санна аьлла: -ХIай даьддала шун берзалой! КIезий ишта маса хилча нана муха хила еза техьа. Кхидерг ала-м хаац, ас динчу ламазора шайн бехкенна,сан гергарниш маццалла лийр бац аьлла ян чIагIо-м яра сан. «Зуламхой» лехар эрна хилар кхета а дина, кхин хье-м ца беш дIавахна киснаш дассийнарг.

Кхечарех тера а йоцуш, шатайпа забарш кхоллало вайнахалахь молланаш бахьнехь а. Масалш чот йоцуш дукха ду. Махкахь шуьйра вевзаш хиллачу Бора моллас аьлла бохуш,юкъараллехь лела забаре хабарш санна масала.

Нохчийчохь тахана а карладуьйлуш лаьтта машен а ца сацош тIехваьллачу жимачу стаге цо аьлларг. –Ахь рузбана дийнахь,хьехамаш беш элир-кх,хьенех,куьг ца айича машен сацор тIехь а дац.Цунна дIа мА вахара со-м саца а ца еш. Юьртахочо и аьлча,Борас жоп делла хиллера: -Деллахь хийла гIуллакх доццург дуьйцу хьуна оха,и алий тIейогIучу ханна со а витий дIа мА гIолахь ,пурба дац хьуна.

Цу могIарера дешначу нахаца йозаелла забарш дукха лела вайнахалахь. Юкъараллехь тIех дика вевзаш хиллачу моллега, ишколехь хьехархо волчу цхьана воккхочу стага хаьттина: «Хьенех, тхан ишколехь цхьа товш,безамехь мечашка ю хьехархо. Бусалба цахилар доцург дика адам а ду иза.И керста йолу дела далла гергахь и муха хир ца хууш,сайна и ца езийта гIерташ схьа а веъна со, амма сан цунах гIуллакх-м ца хуьлу. Ас хIун дича бакъхьа дара те?»

-Ас дешначу къорIанора,-жоп делла моллас,къематдийнахь хиндолчунна юкъара-м вац со,бакъду,хьоьга иза ян а ягIахь,ахь и дола а яккхахь,дийнахь кхузза йовхха чорпа-м юур ю ахь!

Цхьана дешначу стеган зуда хилла,массеран а бага а яхна девне а,оьгIазе а ю бохуш ялхош. Гуттар санна,нахе воне,дикане вуьгуш-валош лела цIийнда цIахь а воцуш,рогIера хьеший баьхкина цу зудчун майра хаьттина.

- Ца хаьа суна и мичаш лела,эцца цхьанхьа тезетахь хир ву-кх. Велла стаг лахийша,циггахь карор ву шуна иза!-ишта лерам боцуш къамел а дина, кхин тIекаре яьлла шена хало а ца еш, дIа чу яхана зуда. Кхано шаьш лоьхучунна лорх а кхиъна,хьал-де а хиъна паргIатехь Iаш моллас хаьттина: ЖIаьла летарий шуна,жIаьла? Кху дуьйцучух сиха кхеттачу царех воккхачо жоп дела: -Лата-м ца летира, жима а хичаш йинехь летар долуш-м дара».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG