ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан оппозици набахте хьажийна


«Интерфакс» агенталло бечу хаамашца, Ереванерчу кхело шина баттана лаьцна «ТIаьхьало» оппозицин партин пресс-секретар Санасарян Давид а, оцу партин декъашхой Хуршудян Овсеп а, «ГIатта, Эрмалойчоь» оппозицин боламан куьйгалхо Гукасян Андриас а. Алсам адам декъехь а долуш Товбеца-беттан 29-чу дийнахь Ереванехь къепейохорна бехкебо уьш.

Иштта кхело чохь сацийна «ТIаьхьало» партин куьйгалхочун гIовс Мартиросян Армен а, аьлла Интерфаксе даредина цуьнан адвокато Ованнисян Гивис.Ткъа Мартиросяна ша бехке вац боху хIуманна а.

Эрмалойчоьнан талламан комитето къастадарехь, байначу беттан 29-чу дийнахь билгалабаьхна нах коьртехь лаьттачу тобано шен акцехь дуьхьалойина полисхошна, церан дахар кхерамна кIел а хьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG