ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун пайда болу Кремлна Парижерчу доттагIех?


ГIирмехь, Севастополехь, Симферополехь, Ялтехь беза хьеший а бина лелавина Францин иттех депутат хIинца Оьрсийчоьнна йина санкцеш дIаяхийтаран хьокъехь жигара къахьоьгуш ву.

Оьрсийчоьно долаяьккхинчу ГIирме хIинцца бахначу беттан 29-чохь масех денна хьошалгIа бахначу Францин цхьаболчу парламентахойн хьежамаш ерриге Францин а, я Iедалан а хьежамаш боцийла дIакхайкхадира Францин арахьарчу гIуллакхийн урхаллин белхалочо Александра Жеоржинис марсхьокху беттан хьалхарчохь.

Иштта дара цо оршот дийнахь дина дIахьедар:

Александр Жеоржини:

"Мехкийн дозанаш хийцар дуьненаюкъарчу бакъонашца догIуш дац. Цундела Евробарто а, Францино а емалдо ГIирме харцонца долаяккхар. И кхоччуш хилла баьлла хьежам шеконе билла оьшуш бац муьлхха а кхинболу кхайкхамаш, я цхьаъ цига вахар-вар бахьна долуш. Цига бахначу депутатийн леларна Францин Iедалаш жоьпалле дац," - элира цо.

Ткъа оьрсашца гергарло дезаш волчу, дозанал арахь Iаш болчу францхойн депутато Мариани Тьеррис, ша ГIирме вахаран жамIаш деш, дIакхайкхадинера иза Оьрсийчоьнан меже хиларна тIехь ша шеко йоцуш хилар.

ГIирме цуьнан дакъа хилар ша шен харжамхойн лере дуьллур ду элира цо. Иза хийцалур долуш а дац, цунах кхета хан а ю, оьрсашца йолу юкъаметтигаш чIагIъян а еза, элира цо.

Иштта Севастополь, Симферополь, Ялта гIаланашкахь беза хьеший а бина лелавина Францин иттех депутат хIинца Оьрсийчоьнна йина санкцеш дIаяхийтарна тIехь жигара къахьоьгуш ву.

Ткъа Тьерри Мариани тешна ву тIедогIучу шарахь а ша хоржург хиларх а, иштта хIинцачул дуккха депутаташца ша юха а ГIирме гIург хиларх а юкъаметтигаш чIагIъяран дуьхьа.

Украинан Iедалша сихонца дIахаийтина ГIирме бахначу Францин парламентхошна шаьш реза цахилар. Оьрсийчоьно Украинана йинчу харцонна реза хиларца цара Украина пачхьалкхан бакъонаш хьаьшна а ца Iаш, ерриге дуьненаюкъара бакъонаш а хьаьшна, аьлла дIахьедира цара.

Ткъа Францин арахьарчу гIуллакхийн урхаллин белхалочо Александра Жеоржинис Францин халкъан кхеташонан депутаташна церан лелар бехке а дуьлуш, царга кхайкхам бира ГIирмица доьзна хаттар Евробертан кхерамзаллех хьакхалуш ду аьлла, цундела цу тIехь жоьпалле а, тидаме а хила дезаш хилар а.

XS
SM
MD
LG