Оьрсийчуьрчу 271 спортхочунна магийна дуьненаюкъарчу спортан комитетан лерринчу комиссино Олимпан ловзаршкахь дакъалаца. Ткъа бухавуьсучу 118-ннах массех ву спортан арбитражан кхелехь допингаш лелорца доьзначу девнехь тола а тоьлла, Рио-де-Жанейро воьдуш. Дуьненаюкъарчу Олимпан комитетан лидеро Бах Томаса кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу спортхошка, къовсадаларшкахь допингаш ца лелийча а тола тарлойла гайта, аьлла.
Юьззина йоьду олимпиаде тобанаш ю гандболхойн, теннисан, волейболан, дзюдон, боксан. Кхечу кепашкахь ца кхачабелла олимпиаде дуккха а спортхой.