ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хила лур вуй хьехархочух бизнесхо, Дмитрий Анатольевич?


Дагестанан пачхьалкхан университетан хьехархочо делла хаттар бахьнехь юха а бегашена а доцуш, цIоьмалгаш юкъахь аьлча, «нахала» ваьлла Оьрсийчоьнан премьер министар Медведев Дмитрий.

Вуно чIогIа хьехархой карзах а бохуш, декна цу кху хаттарна делла жоп: хьехархойн алапа 10-15 эзар бен дац, ткъа ницкъаллин структурийн белхоша шовзткъе итта а, кхин а сов оьцу.

Премьер министаро герггарчу барамехь ишта жоп дела: "Низамхойн болх кхераме а бу. Ахча даккха луъчунна башха, даладелла меттигаш ю дика а, чехка а и дан, бизнесехь болх беш масала. И жоп ма-дарра аьлча, Iаламат чIогIа ца тайна хьехархошна.

Цара иза кIорге йоцуш, ойла ца еш, оццул лакхарчу куьйгалхочо ала хьакъдоцуш челакха гIарбаьккхина хьажам лору. Массо хьехархо йохка-эцаре вирзича доьшийлашкахь мила вуьсур ву?

Бизнес юкъа а воьлла цхьа гIуллакх юьхьарлаца а ца еза ондда таро? Мичахь ю эр дарий те премьер министаро ша туьйранашкахь юьйцу бизнес?

Сел хьекъале хIума дагадаийта гIерташ дукха корта кеггийний техьа Медведев Дмитрийс?

ТIедетта а ца оьшуш цу кепара беламечу а, кхардамечу а, гIайгIанечу хеттаршка буьйлучу хьехархойн къоьлла яц янне а. Цо динчу къамело инзарваьккхинчех цхьаъ ву филолог, историк, хьехархочун балха тIехь зеделла говзанча Руслан.

Цо карзахе динчу камелан чулацам бахьнехь юьззина ца ялайо ас цуьнан цIе.

Руслан: «Суна чIогIа инзаре хIума хета оццул йоккхачу пачхьалкхан премьер министаро хьехархойх динчу къамело. Иза лартIа къамел дац. Цхьана кепекех болх бе бохург ма ду иза! Ша реза вацахь шабашке гIо боху.

Мичахь ю и бизнес? И хIун бизнес ю техьа? Хьехархочун хан ма ца хуьлу. Цуьнан болх шатайпа болх ма бу. Цхьа миллион хьехархо ма ву Оьрсийчохь. Уьш сийсазбеш къамел ду-кх цо динарг!

Тхосийс аздеш къамел ду-кх цо динарг. Оьрсийчохь мичахь ю бизнес. Миллионашкахь нах ма бу болх-некъ а боцуш Оьрсийчохь! Эхь дац иза? 9 эзар 200сом дут хан алапа. Къоначу хьехархойн хIун стимул хир ю къахьега цо ишта къамел деш хилча. Церан могIарш лилха довлу къамел ду цо динарг.

ХIинца со кхетта-кх. КIорге йолуш стаг ца хилла иза. Нисса Путин гIовс хила хьакъдолуш стаг ву-кх!»

КIедо аьлча хьехархошна хаза неха санна халонга даьлла Медведев Дмитрийс шайн хьокъехь дина дIахьедар. Цуьнан къамелца а дузуш, шайн декъазчу алапех дийца йолаелла къона хьехархо, юкъар а йоккхуш шена а, белхан накъосташна а новкъадеънарг охьадалхийра Заводан кIоштерчу хьехархочо Луизас.

ПетIимат: «Итт эзар соьме кхочуш а дац алапа. Цу ахчанан дайдаларе хьаьжча цунах йогIуш хIумма а яц…»

Луиза: «Соьга алийтахь. Пачхьалкхан коьртехь волчу стага дан декхар долу къамел дац цо динарг. И бохург хIун ду и шун харжам бу..

Бизнесе гIо бохург. Массо бизнесе вахча бераш хьан Iамор ду?

Уггар хьалха хьехархойн Iар-дахаран бала кхача безар-кх церан. Хьехархой а, лоьраш а бизнесе бахча, хIун кху пачхьалкхан базар хир ю? Цундела бац-кх хьехархой аьттехьа тоьуш…»

Оьрсийчоьнан премьер министаро хьехархойн хьокъехь хаьттинчу деллачу жоьпо бакълена а йоккха гIовгIа яьккхина тIекхуьучу чкъурана хаарш лучеран гонехь.

Нохчашлахь хилла а ца Iаш цо делла «хьекъале» жоп шуьйра дийцаре деш ду ДегIастанахь санна, Нохчийчохь а, ХIирийн махкахь а, Къилбаседа Кавказан кхечу кIошташкахь а.

Массарна а хетарехь цуьрриг а хьехархойн балхе заздоккхийта къамел дац Медведев Дмитрийс динарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG