ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха хета шуна Ибрагимов Ризван психиатриян цIийне хьажор?


Ши бутт хан яра Нохчийчуьрчу Iедалхоша харц тептарш яздина аьлла, цкъа вадйина а лелийна, юха бекхтакхаме гIуллакх айдина яздархочунна-историкна Ибрагимов Ризванна дуьхьал.

ХIинца иза кхетамах тиллачу нехан цIийне дIахьажийна. Хьоло дагалоцуьйту вайга Советан зама а, шена ца товчу Iилманчашна Iедало дуьхьалйоккхуш хилла къизалла а.

Ибрагимов Ризванца леларг тергоне эцнера Маршо Радионо кху кIиранан ша хIотточу хаттарехь.

Муха хета шуна, яржийна ойла Iедалан я халкъан декъанна товш яцара аьлла, догIий стаг набахте я кхетамбоцучийн цIийне хьажон?

Оцу хиламо Iадийна махкахой шайн ойла къадо ца баьхьира, делахь а цхьаболчийн хьажам бовза таро хилира тхан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG