ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Македонехь Iалам карзахдаьлла


Македонин коьртачу шахьарахь Скопьехь хитIедаларан бахьанашца 15 стаг велла, кхин а 6 стаг, пачхьалкхан зорбанаша бечу хаамашца, тIепаза вайна, лехамашкахь ву. Йолчу информацица, 22 стагна чевнаш йина. Пачхьалкхан куьйгалло бахарехь, и тайпа Iаламан бохам махкахь цкъа а хилла бацара. Меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, шоьтан буса Македонин шахьарахь Скопьехь а, цуьнан гонахехь чIогIачу мохо хи хьалаайдинера.

Дикка бохийна чIагаран некъ. Кху сохьтехь йочанаш лахъелла, амма синоптикаша даредарца хенан хIоттам суьйренца юха а кхерамечу агIор хийцабала там бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG