ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уралехь мацалла кхайкхийна


Белхан алапаш хьедарца Уралерчу Верхнесинячихинан индустрин 30 хьалхо балхара д1абаьхначу белхахоша кхайкхийна мацалла юхайолийна. Дахначу шеран Лахьан-батахь дуьйнна алапаш далар хьедина цу индустрехь. Белхахоша ара юккъехь хIоттийна шайн мацаллин акци. Церан хьесапашца 6 миллион сом гергга ду царна схьадала догIу ахча. Кху шеран Товбеца-бутт юккъе боьллачу хенахь дуьххьара кхайкхийнера белхахоша мацалла, хIетахь куьйгалло алапа дIадала чIагIо а йина, мацалла сацийнера цара.

Уралерчу индустрино чуьйнан сурсаташ арахоьцу. Дахначу шеран Охан-баттахь финансашца халонаш Iиттаелча, сацийнера индустрино шен болх.

Росстанан хьесапаша гайтарехь, Оьрсийчоьнан Iедал бахархошна дIадала декхаре ю 4,5 миллиард сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG