ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокаташ лелхийтина Пакистанехь


Ша-шен эккхийтинчу стага лаххара а 63 стаг вийна Пакистанерчу Белуджистанан Кветте гIалахь. Иза нисвелла оршоьтадийнан Iуьйранна шайн вийна коллега чохь латточу меттигерчу дарбан цIийнан кевнехь лаьттачу адвокаташна юкъа, шен дегIаца оьккху молха а долуш.

Iедало бечу хаамца, лаххара а 100 стаг ву лазийна а. Белуджистанан адвокатийн ассоциацин президент Каши Билал чевнех дIаваьллачу дарбан цIийне баьхкина хилла цуьнан накъостий. Зулам шена тIе ца эцна цкъачунна цхьана а тобано. Иштта хууш дац, хьан вийна шен балха воьдуш хилла Каши Билал а, хаамбина провинцерчу Iедалан пресс-гIоьнчалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG