Дукха низамаш талхийна меттигаш гучуяьхна прокуратурано: кхачо йоллуш хаарш-говзалла йоцу, я хаарш ледара долу, коьрта лоьраш куьйгалле хIиттийна а, цхьацца хьарамлонаш лелийна а.
Прокуратуран талламхоша гулдинчу тоьшаллин буха тIехь, шеко йоццуш чIагIаме гIулч яьккхина бIаьстенан юьххьехь оханан бутт бале цу дарже хIоттийначу керлачу министаро Сулейманов Эльхана. Цо,хьалхо а хьахийна ма-хиллара, цхьанаметта балхара дIаваьккхина ворхI коьрта лор, жоьпалле вехна кхин а исс хьаькам а.
Карладаккха аьлча и тайпа «асар» дуьххьала деш дацу лоьрийн гонехь. Ахмадов Шахид могушаллин министар волуш вохийнера шайн даржашкара цхьанаметта итт коьрта лор.
Бакъду, бахархоша даре дарца, сел цIеххьана хийцамаш бора аьлла, лоьраллехь бIаьрла хийцамаш тергалллуш бац махкхаь а, я Оьрсийчохь а.»Дарбанан цIийнашкахь хIиттийна видеокамерш ю. Царна чухула ган тарло низам талхош верг а,шен декхарш дицдеш верг а,адамаллехь воьхна хьийзарг а-массо гуш ву.
Амма къепе хила гена ду лазарнешкахь.
- И къамел дийриг ву махкахь дика вевзаш волу Iилманча. Цуьнгара пурба даьккхина цахиларна суна ца лаьа иза цIарца вийца. И ву кхин а дуьйцуш.
- ХIинца лоьрашна тIелеста оьшу могушалла а,таро а. Хьо чувуьжуш велахь дукха кехаташ кечдан деза. Куьзганаш тIе вала веза,масийтта тайпа анализаш дIало… Хьалха атта дара. И берриге болх чувижначул тIаьхьа бора. Цу тIе вайн ваьшша а ца буьту лоьраш бан мf-беззара болх бан… ДIо –о лакхара охьа цу белхан бух-дIахIоттам хийца беза». Ишта элира лоьраллех цу Iилманчо.
Кегийчу кIошташкахь хилла а ца Iаш Оьрсийчьнан дукхахйолчу регионашкахь маьхаза ду а бохуш, дарбанаш лелор, заьIапхойн терго яр,лазархочун хьашт-дезаршка хьовсар-дерриге а ахчане дерзийна ду. Республикашкахь бинчу хийцамех тIаьхьло йолуш хIумма а хир дац Москвара дуьйна охьа ладаме,нийсонан гIулчаш ца Яхахь.
Ишта хьажам болчех ву ,кху тIаьххьарчу 20 шарчохь зIаьIапхочун ворданахь лелаш волу СоьжагIалара Бавди.Цуьнца нисделлачу къамелан юкъ-юкъара коржам-кескаш ю ас ялош ерг.
Бавди: «Лоьраш дIабахарх тIекхета хIума дац. Дерриге ахчане дирзина ду кхузахь ап ,кхечанхьа а. Хийцамаш Москвара дуьйна охьабан беза. Хьалхо Ставропол ,Ростов мехк5ашка хIинца санна ахчанаш ца оьцура. ХIинца цара а изза до. Яккхий очарташ а хIиттош цига оьху, Астрахан кIоште оьху…
ЦIахь,кхузахь юххе хилча гIоле яцара массарна а. Квотанашца гIо дина меттигаш я-м ю. БIаьрга негIар ца тухуш ахчанан дуьхьа хьан меже дIа-м йоккху. Къинхетам.доглазар дIадаьлла… Делла ахча меттахIотто а ца вуьтуш мийра тоьхна балхара вохош меттигаш а йогIу. Хьо цIена чекхвала воьлча а ца вуьту. Ца веза и саннарг.ХIан хIан хийцамаш дIо-о лакхара охьа ца бичап гIуллакх хир дац".
Лоьраллин хьокъехь хьан къамел мел деанчарех доккхах долчу декъо хадам боллуш чIагIдо могушаллин министараллин белхах бIо болийтар а, адам цуьнан белхой тешар а,Iедалехь болчарех дозаделла ду аьлла.
Доцца аьлча,могIарерчу бахархошна хетарехь Iедало катоьхна дан дезаш кхо хIума ду: лоьрийн алапа лакхадаккхар, дарбанан цIийнашкахь оьшшу гIирс-коьчалла хилийтар,къайлах-къулах а доцуш мел оьшучу молханийн кхачо яр.