25 шо кхачна Советан пачхьалкхехь ГКЧП олу путч хилла. Iедалан лаккхарчу даржахоша махкахь чолхе хьал кхайкхийра цу дийнахь, ГIирмерчу Форос олучу меттехь садоIуш волу президент Горбачев Михаилан зIенах дIа а хадийна.
1991. Путч
Попытка военного переворота лишь ускорила процесс распада Советского Союза
2
ГКЧП декъашхой зорбан-конференци дIахьош бу Москох. Журналисташа тидам бира СССР-н вице-президентан Янаев Геннадин куьйгаш дегош хиларна. Марсхьокху-беттан 19 де. 1991 шо.
3
ГКЧП дуьхьалвелира РСФСР-н президент Ельцин Борис. Цо указ арахийцира Iедалша шена муьтIахь хила деза аьлла. Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь даьккхинчу кхун сурт тIехь РСФСР-ан Лаккхарчу Кхеташонна хьалха, танкана тIе а ваьлла, путчана дуьхьало яре кхойкхуш ву Ельцин.
4
Ленинградан бахархой арабевлла урамашка, ГКЧП-на шаьш дуьхьал хилар гойтуш. Марсхьокху-беттан 19 де. 1991 шо.
6
Москох юккъехь Калинин проспектехь ю танканаш. Марсхьокху-беттан 19 де. 1991 шо.