ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда ялош лелла гIиллакхаш а хьаьшча...


Исбаьхьаллин ирташкахь, Iилманан белхашкахь,халкъан барта кхоллараллехь Iаламат говза довзуьйту зудаялорах: невцо,несо лело догIучу гIиллакхех,замой бахана нускал схьадаладарх,цхьаццайолчу кIошташкахь ма-аллара йоссийначуьра,яха езачу керта, марзахой болчу схьаялош, юьртахула нускал хьовзадарх,ловзаран дIахIоттамах,кеп-чулацамах…ишта кхин а,кхин а.

Зудаялаяр, масала, вуно хаза,дагалацаме гайтина Ошаев Халида «Алун шераш» романехь, Бексултанов Мусас «Некълацар дийцарехь. Нохчийн исбаьхьаллин литературехь дукха вайнехан гIм\иллакх-Iадаташ довзуьйту ловзарш.Тахана вайнехан Iедалехь хила ма-доггIура хьо несан а,невца а гIиллакхаш довзийта воьлча,кхиазхой а, доьзал кхолла хан ерш а, «цо хIун юьйцу йийца мукъа а» ала гIертачух тера цеце а, шеконе а хьовсу,нохчийн Iадаташ талхор новкъадогIучуьнга.

Цу декъехь, къамел деш зудаялор хьахийча, Новр кIоштерчу нохчийн литература хьехархочо, ишта масал далийра» Эла Мусостан, Адин Сурхон илли» тIера.

Цуцаев: «Ас лакхарчу классашкахь, - хIара кхо могIа дIабешча,кхана маре а бахана наной хила безачу мехкаршна ас хIун дуьйцу а ца хаьа;

Мархашкахь ва лечкъа дашо малх ва санна,

Мусостан ва баьрчехь базаран кирхьанахь.

Ша лечкъаш яра тов и бабин хаза йоI».

Хьехархочо дийцарехь, мехкаршна а ,кIенташна а хаъане а ца хаьа хIусамехь барч бохург хIун ду,ишта кхана шаьш тIехьа хIитта деза кирхьа а. Мелхо а зудабераш тамаш беш, хеттаре дийлина «И стенна лечкъаш хилла?» бохуш.

Кхузара лаа-м муххале а дац, мелхо а ондда бух болуш лору говзанчаша а,къаноша а зудаберийн кхетаман гомхалла а, ткъа божабераш, дика луьстучу бараме нисделча цхьана акхачу гIайре тIехь кхиъча санна,эхьечух а,оьзда доцчух а ларбалар метта,чо яьтIчух тера хьере мохь-цIогIа детташ, дастаме,цIармата лелар. Цу могIарера юьхькIаме доцу масалш нохчашлахь дебахь бен лахлуш дац.

Хан мел йолу а къам нохчаллех,гIиллакх,Iадатех тилла дарах цецвуьйлучех, цу декъехь болу шен тидамаш вайнахана кхана лазаме боьрзур хиларх дуьйцуш ву байтанча,хьехархо Цуцаев Iалавди.

Цуцаев: «Суна тамаше хетарг мича орам тIера схьабогIуш бу те и кегийрхой бохург ду-кх. ХIун ламаст ду цара юьхьарлоьцург? Валлай бац уьш шайн дайн ламастех гIортор еш-м.

«Так принято. Так это у всех»,- бохуш лела хир бу-кх. ХIара ерриге Оьрсийчоь чу а лаьцна, церан гражданаш ду вай , цхьаIаш ду вай бохуш лела техьа? Ой шеен къоман дерг,кхечу къомаг дерг ца къаьсташ муха лела? Нохчо нохчи хила ца веза,бусалба бусалба хила ца веза… Шен ламасташ ,шеен гIиллакхаш лело ца деза хьо эрмало велахь,оьрси велахь а.нохчо велахь а. И кегийрхой стена тIаьхь базабелла бу со-м ца кхета. Нальчикехь сан хенара волчу цхьана стага элир-кх, нохчий доцу хелхар деш,сетташ хьийзачу кхиазхошка а хьаьжна, дешархой а эцна тхо садаIа даханчу хенахь: «Кху метте со юххехь а воцуш сайн нана йоуьйтур яцар-кх аса», аьлла дIавахар-кх».

Кегийрхой лебича гучудолу царна нуц воссар, мотт кхабар-бастар,зуда ялийнарг юьхьанца дех къехкаш,къайлавийлар, кхечарна а гуш шен бер хьестар бехке хилар,ишта кхидерш а царна хаъане а хууш цахилар.

«Зуда ялош, я кхин муьлххачу а дика луьстучу барамехь, нохчий кхиъна богIу кегий нах акха адамаш санна маьттаза лелар,баккхийчаьрца а,шаьш вовшашца а лераме цахилар кхето хала дац.Уьш вайнехан гIиллакх-гIуллакх а ца хууш,Iедал-Iадаташ а ца девзаш, нохчаллех боха новкъабевлла,челакхаллех буьзна нах бу.

И дерриге а доьзна ду царна нохчийн мотт цахаарца а,ледара хаарца а. Нохчийн мотт хууш белхьара царна къоман эхьаллин,оьздаллин гурахь совца хуур дара». И къамел динарг ву махкахь дика вехаш волуЮхIинца цхьана ханна Францехь веха байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн.

ГIиллакх-Iадатех къамел дина байтанча Хатаев Хьусайн цхьа вац кегийрхойх, къоман кханенах ишта таьIна ойла кхобучех. Цу декъехь нисса бIоста,юьхькIаме хийцамаш бар цара,тахана бандацарийн марахь,партал Iаьчу Iедалца дузу.

XS
SM
MD
LG