ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

34 провинцех 15 тIамехь ю ОвхIанистанехь


ОвхIанистанерчу тIалибаша шоьтадийнахь дIалаьцна стратегикаллехь мехала йолу шайн мехкан малхбалерчу Кундуз гIалина гергара меттигаш, цигара Iедалан ницкъаш ара а тоттуш. «ТIалибаш массо а агIор чухьаьлхира, оха дуьхьало йира массех сахьтехь, амма тхуна гIо ца кхечира.

ТIалибийн караяхна тхан кIошт», - хаамбина Ханабад кIоштарчу администрацин куьйгалхочо. Кундузна 30 чаккхарма герга ю Iуьйранна беза тIемаш лаьттина Ханабад. Цигарчу Iедалан гIантдас Iамири ХIаятуллас AFT агенталлехула дIахьедина, тIалибашна массех сахьт бен ца ийшира кIошт яккха, ша провинцин губернаторе гIо дехнера, аммма иза ца хилира, аьлла.

ТIалибийн векало МуджахIид Забиуллас бакъдо шайн ницкъаша герзаца а, тIеман техникаца а цхьаьна Ханабад яккхар. КхидIа гонахара меттигаш долаерзо гIерта тIалибаш юкъ-кара. Пхи де хьалха яьккхина цара лулара БагIлан провинцера массех юьрт.

Иштта гIоьртина тIеман хьал ду Гилменд, а Нангархар а провинцешкахь. ОвхIанистанан ницкъаш тIемашкахь бу кху муьрехь пачхьалкахрчу 34 провинцех 15 провинцехь лаххара а. Иштта ду тIеман министралло далийна терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG