Ткъа тахана Кадыров Ахьмад винчу денна лерина барамаш кхайкхийна ерриг Нохчийчохь. Соьлж-ГIалахь Кадыров Рамзан хьалха а ваьлла Ахьмадан чуртатIе зезагаш дохкуш рагI хIоттийнера махкарчу хьаькамаша. Елхоев Лечас тергоне ийцира махкара барамаш.
Мохк Кремлна юхаберзор дагалоцуш
Селхана дара Нохчийчохь Кадыров Рамзанан да Ахьмад дагалоцуш сагIанаш дохуш, мовлидаш йоьшуьйтуш, жайнаш доьшуш махкарчу маьждигашкахь.
Ткъа тахана Кадыров Ахьмад винчу денна лерина барамаш кхайкхийна ерриг Нохчийчохь. Соьлж-ГIалахь Кадыров Рамзан хьалха а ваьлла Ахьмадан чуртатIе зезагаш дохкуш рагI хIоттийнера махкарчу хьаькамаша. Елхоев Лечас тергоне ийцира махкара барамаш.

1
ТIеман говзаллин дешархой могIа

2
Кадыров Рамзан а, Къилбаседа Кавказ кхиоран министр Кузнецов Лев, Къилбаседа Кавказера президентан векал Белавенцев Олег а.

3
Зезагаш дохкуш ву Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Байсултанов Одес а, Думин депутат Делимханов Адам а.

4
Кадыров Ахьмадна хIоттийначу чуртатIе воьду Кадыров Рамзан хьешашца а, шен гуонаца а.