ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIамат. Дукха ду, нохчийн мотт, хьан беркатах лаьцна дийца


Петирова ПетIимат.

Дукха ду, нохчийн мотт, хьан беркатах лаьцна дийца

Ахь мичахь Iамийна нохчийн мотт? Дукха къена бу хьан мотт… И хаттар сайга делча цунна дала жоп ца карош ойлане йолура со, хIоккхахь я эццахь аьлла дIадийца хIума а доцуш…

Дикка ойла йича, ткъес санна цхьа ойла къегира… «Iама муха бо шен мотт?! Иза хууш хила ма беза! Иза хьан сица хила ма беза…ТIаккха и са санна къена а хуьлу-кх и… Шен хенал дуккха а тIаьхьа дуьненчу даьлла тишделла са санна къена…»...

Нохчийн мотт! Сан ненан а, ден а, сан ворхIе ден а мотт! Дуккха а дийцина хьох лаьцна, дуккха а хьо хестош иллеш а декийна. Хьан лазам буьйцуш мохь-орца а даьккхина, хьох къахеташ узам а хазийна.

Хьан хазаллин, кIоргаллин доза цахилар а дийцина. Еккъа со цхьаъ йисиний те хьох илли даккхаза, хьох йоккхаер дуьненна а дIакхайкхоза аьлла хетало. Хьуна хастаман илли даккхаза… Иллех илли даккхал говзалла яц-кха соьгахь!

Ас хIун ала хьох, ас хIун ала хьоь, Нохчийн мотт! МаслаIате къамел дай вайшимма? МаслаIате къамел… Хийла сайн цатам со-сайца литта хIоьттича, ахь соьга деш ма-хиллара, маслаIате къамел… Сахаьдда юьйжи-кх аьлла хетачохь, ахь говзачу лоьро санна дарба деш, со гIаттор а кIеззиг ма ца хилла. Ненан къинхетам санна аьхна ма хилла хьо суна даим а, ден дозалла санна синъайаме а…

Хьан куьг а лаьцна ма йоьссина со аганара, хьан озаца ма девзина суна дуьне а. Ма дукха хилла-кх хьох дагайийлар, ма дукха хилла-кх хьох цецйийлар а! Ахь бен кхин цхьамма а лур боцу тешам а, ахь бен кхин цхьамма а хьоьхур доцу гечдар а хьоьгара ма Iемина…Дин а, Iадат а, гIиллакх а хьоьгахула девзина. Эхь-бехк боху дош а хьоьгахь зеделла… Вай кхоьллинчу Даллий, суний бен хаза йиш йоцуш, айса сайца деш долу къамел а хьан озаца дина. Хьан аз ду сайн бехкана къера хила со Iамийнарг, оьгIазло яшийнарг, бIаьрхиш дакъийнарг… цу бIаьрхиш юккъехула со елийнарг а…

Хьан озаца дара кхетамо схьалоцуш дуьххьара Делан цIе йоккхуш хазар. Тахана санна лерехь лаьтта тхо шена гонах гулделча Дадас беш хилла мукъам: «Дела, Хьо ма веза ву, Хьан Элча ма къобалво, Хьан Элчанца дийцинарг, хабар-къамел мерза ду…»

Цул тIаьхьа устазийн хьехамаш, назманаш хьан Iаьнарца дара… Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) керстанаша хьийзавар а, Адам а, Хьава а ялсаманийчуьра арадаккхар а, ИбрахIима шен кIантана ИсмаIилна урс хьакха кийча хилар а, Аюб-пайхамара лайна цамгаран бала а, жима Юсуп вежарша гIу чу кхоссар а, кIант вайна бIарзвеллачу Якъуба барзе бехкбаккхар а… масане дара уьш цу исбаьхьчу назманашкахь девзинарг…

ТIаккха киншкашца гергарло тасаделча ма дукха доттагIий гулбира ахь! Даиманна а дагахь латта бисина уьш, церан масалш, хьекъале къамелаш…

Уьш бара халкъан иллийн, дийцарийн, туьйранийн, исбаьххьаллин киншкийн турпалхой. ТIаккха жимма дахар довза доьлча даста долийра кицанийн, забарийн маьIнаш…Цул тIаьхьа байташца гергарло…

Масане хези и сих кхеташ, цIий кхехкош, ойлане вохуш, юха бIаьрхи доккхуш, дог мокхазал а чIагIден дешнаш…Уьш хьан дешнаш ма дара, нохчийн мотт…Хьан дешнаш, хьан хатI, хьан са…

Цундела, нохчийн мотт, хьо соьгара хастамаш оьшуш ма ца хета суна-м, мелхо а, со ю-кх хьоьгара гIо оьшуш, хьох тийсалуш, хьох хадахь гIорасиз юьсур йолуш… Ахь хьоьстуш схьаялош ма ю со…

Ахь адам хила Iамош ма ю… Адамашца таръяла, цаьрца яза Iамош суна ахь хьоьхурш Кунта-Хьаьжин хьехамаера дешнаш ма ду: «ОьгIазечунна тIехь толам баккха дикаллица а, безамца а. БIаьрмецигчунна (пис волчунна) тIехь толам баккха комаьршаллица. Ямартчунна тIехь толам баккха цIенчу даггара хиларца. Тешаме воцчунна тIехь толам баккха тешамца. Къинхетаме, тийна-таьIна, кхечуьнан дуьхьа вала а кийча хила…».

Бохамо хьовзийна гIайгIане йоьжча, ахь сан лерах тухурш Мохьмадан дешнаш ма ду, хьан тешамечу мурдийн къеггина волчу векала Мамакаев Мохьмада шен даге дечу къамелан дешнаш: «…Ойлано хьо гIелдеш ма ирча хета, дог. Вайн гонна и гича осала хета, дог. Шен гIайгIа ша Iовшар стогалла хета, дог. Къурдашца къежвалар дозалла хета, дог…».

Вайн халкъан ерриг а амал схьагайта ницкъ ма кхаьчна оцу дешнашца…

Нохчийн мотт, дукха ду-кх хьан беркатах дийца, хьан сийлаллех кхайкхон… Хьох дан дозалла доцуш а ма яц со, бIаьрг хиларна кхоьру-кх…хьо дош ца хетачийн хьагI яхарна а кхоьру!

Хьан лазамаш ца гуш, хьан чевнаш ца лозуш а ма яц со… Уьш хьуна яз ца ян ца юьйцу-кх…хьан даьIнаш ца кIаргдан… дарбанна хьоьга хьан дикаллех а дуьйцуш…

Хьо ца безаш, ца хууш волчух йоккхаеш а ма яц со, ас царна неIалташ ца бахарх…Хьо церан неIалтах ларбан, хьан сийлахьчу амална и неIалт марздаларна кхоьруш, хьо цунах ларбан гIерта-кх…

Цундела хьуна маслаIат лоьху-кх, цкъа мацах, дукха я кIеззиг шераш хьалха, сан некъаш кегалуш, «хиллачийн, хиндолчийн дозанехь цхьаъ цхьалха йисича» сан ненан озаца ахь суна дина маслаIат санна. ДагадогIий хьуна хIетахь ахь аьлларг? Уггар хьалха хьайна хьуо мила ю хаа, ткъа кхиндIа дерриг а чот яц…

И ду-кх сан хьоьга ала а! Ткъа хьуна пебетташ волчо бийриг шена эшам бу, цунна байттамал ала-м хьан орца оьшур ду цунна…

Нохчийн мотт! Декъала ву-кх хьоьца уьйр теснарг! Декъала ву-кх ахь уьйр лаьцнарг…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG