ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

25 шо ду Украина маьршаяьлла


Украино шен йозуш яцар дIакхайкхийна 25 шо кхачарна лерина тIеман гайтам хIоьттира Киевехь кхаарийдийнахь. 1991-чу шарахь, Советан Iедал дохарца, мехкан маршонах дIахьедар динчу Цадазаран майданахь бIеннашкахь бара эскархой а, алссам яра тIеман техника а.

«Цадазаро вайна демократи а, паргIато а, вешан мах хаа а, къоманна цхьаьна хила а таро елла», - элира президента Порошенко Петрос халкъана хьалха вистхуьлуш.

Цадазаран де нисло ГIирманна аннекси йина а, Донбасс Оьрсийчоьно латточу сепаратисташа дIалацарца а беъначу муьрехь, цундела а ду Киево и де тIеман гайтамца дIадахьар.

10 эзар гергга стаг велла Украинан малхбалерчу декъехь лаьттинчу, хIинца а бижана ала а доцчу тIамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG