ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн эскарша Джералбус схьаяьккхина


Туркойчоьно тIекарло ечу Шемарчу оппозицино Джералбус гIала шайн караерзийна «Исламан пачхьалкх» шех олу тоба юьстах а йоккхуш. Туркойчоьнан тIеман министраллин куьйгалхочо Ышык Фикрис бина и хаам. Туркойн Iедало дIахаийтина, ДАIИШ-ера Къилбаседа Шема ерриг схьаяккхалц оцппозицина гIортор латтор шаьш хилар.

Туркойн эскаран Iалашо ю «Исламан пачхьалкхан» тобанаш араяьхна ца Iаш, туркойн лаьттатIехь лелхийтаршна бехке лору курдойн гIаттамхойх а цIанъян регион.

Кхаарийдийнахь тIеман операци йолийна Шемахь Туркойчоьнан эскаро. Шеца дагаялар доцуш тIегIоьртина Туркойчоь аьлла, резадацар хаийтина Демаьшко. Ткъа Хонкаро, Цхьаьнатоьхначу къаьмнийн организацин низаман гуркашкахь дIахьош ю операци аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG