ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иллиалархо Аюбов Вахьид кхалхар дазделла Нохчийчохь


Нохчийн иллиалархо Аюбов Вахьидан кхалхар дагах ца кхеттарг хир а вац. Шен доцачу дахарехь дика лар йита кхиина иза.

Аюбов Вахьидан эшарш ю кху деношкахь, аьлча а, иза велла аьлла хезча дуьйна массанхьа хезаш. ТIехйолучу машенаш чуьра а, дискаш духкучу . Интернетехь йина клипаш а ю цуьнах лаьцна.

Хасав-юртан кIоштерачу ГIан-юртахь веха Аюбов Вахьид велла аьлла хезча, шортта шайг-шайгара хабарш даржийра махкахоша.

"Таксица цхьанахь воьдуш, некъан бохамехь велла" бохура, кхечара-"дукха хенахь дуьйна текхна цамгар ца лайна велла" бохуш дуьйцура.

Цуьнан хIусамненан дезнера Интернет чохь нахе кхайкхам бан, ца хуург ма дийцахьара аьлла.

Цуьнан накъосташа дийцарехь, йиинчух цатам баьлла велла иза.

Ша кхалхале цхьа де хьалха кхайкхинчу цхьана даздаре вахана хилла концерт яла. Цигара цIавеъча, дог вон хилла дарбан хIусаме кхачийна. Мел лерина хьийсарх, метта ца веъна иза.

Аюбов Вахьидан цIе дукхачарна евзаш яцара, амма цуьнан эшарш хазаза стаг хир а вац кху Нохчийчохь. Цкъа а, шозза цу юккъера дешнашка ладоьгIча кхетара, уьш дагчуьра догIуш дуйла.

Цуьнан доттагIчо, ша а иллиалархо волчу Биалиев Анзора иштта элира Вахьидан кхоллараллех.

Биалиев: «Вахьид халонаш гина стаг вара. Цуьнан да вийнера 27 шо долуш чIирна дуьхьал. Йиша-ваша а доцуш, шен дехошца гергарло а лелош вехаш вара иза. Ша чIогIа говзалла йолуш стаг а вара иза. Адамова Тамарас а язйинера цуьнан ши эшар».

Аюбов Вахьид дIаваларх, дукха нах чIогIа цецбевла а ца Iаш, Iадийча санна бу. Дукхачу декъана, цуьнан эшарш а яра, ша тайпа сиингаттаме, ойла йойтуш, дахар ханна делла дуйла хоуьйтуш.

Биалиев Анзоре дукхачу наха телефонаш йиттина, цуьнах кадам беш. Даггара нахана халонга даьлла и похIам долу жима стаг дIаваьлла аьлла шайна хезча, элира цо, легашкахь къурдаш а сецош.

Биалиев: «Бакъдерг бакъ хила деза, соьга дукха телефонаш йиттина кадам беш. Шайна цуьнан нах ца бевзара, хьо цунна уллехь волун дела, хьоьга кадам бан лаьара, бохуш. Цхьаъ вара, цуьнан хилла накъост, цуьнца довдаьлла. Шена ма ца моьттура иза иштта лийр ву бохуш, воьлхуш вара иза….».

Аюбов Вахьидан озан аьттонаш а баккхий бацара. Дукхачу декъана фальцетан барамехь дIаолура цо эшарш.

Йиша-ваша доцуш, ненан цхьаъ бен воцуш а хилла иза. Нене болу безам а хилла цуьнан барам боцуш. Дукхачу нахана дагадогIу, цхьана концертехь, шена кховдийна зезагийн курс, цо къинтIера довлар а дехна, шен уггаре дезчу адамна дала лаьара аьлла, шен нанна дIаделира, бесни тIе оба а яьккхина. Шен дахарех яра цуьнан эшарш, аьлла кхин дIа а дийцира Биалиев Анзора.

Биалиев: «Дийна а волуш вицвича, хIун дийр ду аш со велча, бохуш цхьа илли дара цуьнан. Хало гина стаг вара иза. ДIакхелхина накъостий а бара цуьнан. Ша а вара чIогIа дика накъост а. Шен хIуманан да а вацара, комаьрша вара иза.

Ша а хала воллуш стаг велахь а, букътоьхна дIагIур волуш вацара. Шегахь оццул хIума ду шуна, ас дIало шуьга, бохуш а меттигаш а яра. Дика доттагI вара иза».

Доддо Мурад а ву Хасав-юртахь вехаш. Иза а Аюбов Вахьид вевзаш хилла ву. Цуьнан эшарш, дозанаш а хедош, Кавказехула дIасаяхнера, аьлла дийцира цо.

Доддо: «Сочи вахнера со болх бан. Сарахь тхо арадовлуш цхьа парк яра. Цигахь ша мел волу жимстаг гуллора. Сарахь араваьлча, цигахь цхьана машенчуьра Вахьидан эшарш хезира цуна. Нохчий бу хIорш аьлла тIе а вахана, салам делча, къаьстира уьш эрмлой, оьрсий буйла. Вахьид, шен мехкан дозанал а араваьлла, аьлла хаам бира цара соьга».

Аюбов Вахьидан эшарш, чIогIа кхета атта дара. Бала а, хало а ца Iевшина, вайнахах стаг хир вац, цундела, хIораммо а шех йолуш санна тIеоьцура уьш. ДагтIе боьду некъ лохура цуьнан дешнаша, аьлла дийцира Доддо Мурада.

Доддо: «Воккха илланча дIаваьлла вайн. Шех дозалла деш стаг а вацара иза. Шен илли адамийн дегнашка чукхачо а хаьра цунна. Шен дахарехь хиллачунах масал а деш, адаме дIакхачадора цо. Дала гечдойла цунна…».

Шеко яц, Аюбов Вахьидан эшарш деххачу шерашкахь юьсург хиларна. Дуккха а ваха иза ца кхиънехь, нохчийн иллиалархойн седарчашна юкъахь наха къобал вина, тIеэцна, къеггина седа бара иза.

XS
SM
MD
LG