ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буркини "маьршаяьккхина" Францин кхело


Кхаа кхелахочух лаьттачу Францин Лакхарчу кхелан коллегино юхабаьккхина Францехь хилла ца Iаш, йоллучу Европехь шена гонахьа йоккха гIовгIа яьккхина болу Ниццин а, Каннин а, ткъа царна тIаьхьа цхьа могIа кхечу, кегийрахчу гIаланийн дайша тIеэцна хилла болу бусалба зударийн доллу дегI а, месаш а хьулйеш йина буркини олуш долу луьйцуш тIедуху духар меттигерчу пляжашкахь дехкар.

Цу бехкамна латкъам Лакхарчу кхеле хьажийнера цхьа иттех де хьалха Францерчу Адамийн бакъонийн лигано а, исламофобина дуьхьало яран Комитето а.

Кхело тергалбинарг Ниццехь, Каннашкахь тIеэцна хилла сацам бен ца бацахь а, амма кхелан вердикт кхочуш ян декхарийлахь ю кхин ткъе итт герга Францера гIаланаш, домино эффектаца санна цу шина гIалано буркини йоьхкушехь, шаьш долчехь а и бехкам тIеэцна йолу.

Латкъам бинчу адамийн бакъонашларйархойн векал волчу адвокато Спиноси Патриса цу хьокъехь журналисташка ша динчу дIахьедарехь билгалдаьккхира, Лакхарчу кхелан сацам массо а хIурданца Iохкучу гIаланийн урхаллашна прецедент кхуллуш хIума ду, и сацам кхочуш бан гIаланаш декхарийлахь ю, аьлла.

„Церан кхин некъ бац, шаьш низамца доцуш буркини ехкар юхадаккха бен“, - элира цо. Цо иштта дIахьедира, хIинцалца цхьа и буркини лелор бахьана долуш гIуданаш тоьхна, уьш текхначу зударийн хIинца бакъо ю, и гIуданаш юхадахийта а, шайн ахча юхадеха а, аьлла.

Кхузахь ала догIу, Францерчу гIаланийн пляжашкахь буркини йоьхна малхах марзо оьцучу я иза йоьхна хIурдалахь луьйчучу зударшна меттигерчу Iедало хIоттийна долу административан гIуда 38 евро ду. Амма цу ахчанал езох а ю зударшна и бехкам кхочушбан арабевллачу полисхоша еш йолу гIело.

ХьастагIа доллучу дуьненехула чекхделира Ниццерчу пляжехь агIор яьлла Iуьллучу гIеметта хIоьттинчу Iарбойн зудчунна гобинчу герзах боьттинчу полисхоша цуьнга шена тIера куча кепара еха охьайолуш йолу буркини охьайокхуьйтуш гинчу цхьана тешо даьхна сарташ.

Зуда ах ерзина яьккхина ца Iаш, полисхойх цхьаммо кехата тIехь цхьаъ дIаяздеш а гуш дара цу сарташна тIехь, - хетарехь, цунна гIуда яздеш вара иза. Цу сарташ резадацаран а, инзарбовларан а тулгIе айъира социалан машанашкахь.

„Франци кхин маьрша мохк боцийла кхеташ ду“, „Цхьаьна боьршачу наха къовлало бохуш ницкъ бо бусалба зударшна, вукху боьршачу наха берзина бовла бохуш ницкъ бо. Царна массарна а гома ю зудчуьн бакъонаш“, „Франци кхин республика яц, диктатура ю“- иштта дара оьгIазбаханчу юзерша, ала дашна, шайна юккъехь дуккхаъ бусалба боцу нах а болуш, цу хьокъехь йитина комментареш.

И низам цхьанна а агIор бух болуш а дацара, цул совнаха ур-аттала лоьраша а дегIан чкъуран лазарша ца хилийта вуно пайдехьа лерина ю буркини бохуш дийцира Маршо радионе цу махкахь ехаш йолчу Дадаева Азас. Божаршна теракташ йинера аьлла зударийн духар дехкар цунна хиллане а цхьа а логика йоцуш хIума хета.

Дадаева:Низам дара Францехь буркини лелор ца могуьйтуш, амма хIинца дIадаьккхина иза. Суна ца хаьа, царна и буркиниш стенна новкъа яра. Ша кхузахь и теракташ йина дена хIуьттаре ян арабевлла уьш ца хиллехь.

Делахь а, боьршачу наха теракташ ярах зударийн хIун бехк бу? ТIехула тIе лоьраш ултрафиолетан зIаьнарех лар а веш, чкъурана лахарш ца хуьлуьйтуш пайденна лоруш духар а ма ду иза“.

Хьахон догIу, и буркини шех олуш долу духаран цIе доллучу дуьнентIехь лелачу бикини дашахий, цхьаболчу бусалба зударша лелочу буркахий хIоттаделла ду.

2004-чу шарахь Ливанера орамаш долчу дизайнеро-зудчо Занетти Ахедас кхоьллина ю. Шайна лелон томехь духар ца хиларна спортехь дакъалаца аьтто боцуш, цамгарша а, дегI дарстаро а хьийзочу бусалба зударшна аьттона кхоьллина ша иза бохуш дуьйцу цо.

ХIинца Францехь буркини йихкинчул тIаьхьа цо Британерчу Гардиан газетехь артикл язйира, ша и духар бусалба зударшна цхьажимма алсамох маршо ялархьама кхоьллинера, аьлла. „Иза деккъа цхьа духаран кеп бен ма яц.

Иза-м яц исламан символ, Францерчу Iедалхоша чIагI ма-дарра. Буркинино бусалба зударшна маршо еллера, ткъа францхой цаьргара и маршо дIаяккха гIерташ бу?

ТIаккха гIолехь муьлхарниш бу – тIалибаш я францхойн политикаш?“- аьлла дара буркини кхоьллинчу Занеттис шен артиклехь яздина могIанаш.

XS
SM
MD
LG