ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисташна юха а тIелатар дина Бесланехь


Оьрсийчоьне тIом сацабайтархьама 2004-чу шарахь Бесланерчу школана нохчийн тIемалоша тIелатар дича, уьш хIаллакбеш оьрсийн эскарша школана тIедиттинчу герзаша вийра маьрша 334 вахархо, шайлахь дукхахдерш бераш а долуш.

ХIора шарахь беллачийн наноша доьху Оьрсийчоьне кхачам боллуш таллам а бай, бехкенаш кхелеозабар. Шоьтадийнахь, белларш дагалоьцуш наноша вовшахтоьхначу акце баьхкинчу «Новая газетан» журналисташна Костюченко Еленина а, Хачатрян Дианина а юха а тIелатар дина, муьлш бу цахуучу наха. Журналисташна баьццара басахь кочалла тIе а лестош, карара телефонаш схьаяьхна бохуш, хаамбо церан коллегас Алешковский Дмитрийс.

Цо даредарехь, сарралц кхерамаш туьйсуш, тIаьхьабевлла нах хилла журналисташна. Газетин корреспондента Милашина Еленас а чIагIдо, полисхоша дуьхьало а ца еш, могIарера нах хилла тIелеттарш, бохуш.

Еарийдийнахь а лаьцнера полисхоша Бесланехь «Путин Бесланан чалтач ву» тIеяздина кучамаш а йоьхна, шайн бераш хIаллакдиначарна таIзар даре кхайкхамбеш дуьхьалонан акци вовшахтоьхна 5 нана а, «Новая газетан» ши журналист а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG