Китайхь йоьдучу саммитехь Европан Кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналда кхойкху дуьненан юкъаралле, Европана гIо дан миграцин кризис цхьалхайоккхуш. Цо бахарехь, ЕвроБертан таро яц мигрантийн керла тулгIе тIелаца. Шемара мухIажирш бийцина ца Iа ша, дуьненан пачхьалкхашкахула баьржинчу мигрантийн терахь 60 миллионе гIоьртина, аьлла билгалдаьккхира Туска.
Саммитан декъашхошка кхойкху Европан Кхеташонан куьйгалхочо, мохк дIатосучу хьоле бахархой кхачоран бахьанаш дIадаха. Цунна хетарехь, Китайс, Iамерко, Оьрсийчоьно а алсамдаккха деза Шема кхачош долу гуманитаран а, экономикан а гIо, хIунда аьлча, билгалъяхначу пачхьалкхаша Шемара мухIажирш тIелоцуш цахиларна.
Дахначу шарахь Гергарчу а, Юккъерчу а Малхбалера, Африкера миллион сов бахархоша тховкIело йийхира Европане.