Iедална оппозицехь лаьттачу «Кавказан Узел» газетца болхбеш хиллачу журналистна Гериев Жалавдина набахтехь такха кхо шо кхайкхийна Нохчийчуьрчу Шелан кхело. Бехкедина нароктикаш лелор. Амма тоьшалла данне а дац цунна, боху адвокато Мусаев Iалавдис.
Талламчашна даредина хилла Гериевс ша наркотикаш лелийна аьлла, амма кхелехь юхадаьна шен и дареш, шегара уьш тIехь гIело а еш дехира, аьлла. Адвокато дийцарехь, вуно дукха бехк-такхаман процессан гIалаташ дийлийтина шайгара талламчаша, амма кхело ца эцна уьш тидаме.