ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулаев Леча. Дог дуьллур долуш ма вара...


***

Дог дуьллур долуш ма вара,

Карош вац-кх и дилла меттиг.

Мичча а диллина варах,

Карадо юха а шен меттехь.

Диллинчохь дог Iачу наха

ДIакхуссу и цициг санна,

Цу кхелан эвнал а хьаьхна,

Кех даьхна, дIа а кхиссина.

Амма цу цицигал башха

Диллинчохь и Iен ца туьгу.

Я тIомаваьлла, я гIаш а

Шех вада меттиг ца буьту.

Коча тIулг оьллина хичу

Кхосса ма дезара, дог, хьо.

БIаьргал а дуьра хьо хилча,

Ахь бечу баланал доккха

Къа хьарчон кхоьру-кх, и дича...

Хьан туьха лалур дац хишка...

XS
SM
MD
LG