ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна шайн иэсах ца кхочу бала Швейцарин а кхочуш...


Швейцари --Гашаева Зайнап, Швейцарерчу нохчийн архиван куьйгалхо
Швейцари --Гашаева Зайнап, Швейцарерчу нохчийн архиван куьйгалхо

Шина тIеман къизаллин хроника ала мегар ду Швейцарехь схьайиллинчу Нохчийчоьнан тIаьхьарчу ткъех шеран истори гойтучу архивах лаьцна. Гойтучу боху дош кхузахь ша ма-дарречу маьIнехь далош ду, хIунда аьлча, нагахь санна кхечу архивашкахь хилларг-лелларг кехаташкахь а, тептаршкахь а дIадиллина латтош хилахь, цу шех Нохчийн олучу дукха хан йоцуш Боьрн гIалин уллохь схьайиллинчу архивехь дерриге а гойтуш ду – видеокадрашкахь, филмашкахь.

И болх кху тIаьхьарчу ворхI шарчохь дIахьош яра евзаш йолу нохчийн адамийн бакъонашларйархо Гашаева Зайнап, ДегIастанахь тIемаш болчу хенахь шен накъосташца видеотоьшаллаш гулдина йолу. Швейцарерчу Gesellschaft für bedrohte Völker, нохчийн маттахь аьлча "Кхерамехь долчу халкъийн юкъараллица" цхьаьнаболхаро кхоьллина ю и архив. Цуьнан чулацамах а, цу чохь гулйина мах бина ца валлал мехалчу материалех а лаьцна дийцира Гашаева Зайнапа Маршо Радионе.

Гашаева: „Вайн нохчийн истори а, вайн махкахь хилла тIемаш а диц ца далийтрахьама кхоьллина архив ю. ТIом боьдучу хенахь вайна тIехь бина болу ницкъ а, къизалла а ю цу тIехь гойтуш. Ас олу даима а, иза вайн къоман аз ду олий. Цу хенахь маьршачу наха оьрсийн эскаршна машаре йина дуьхьало а, тIемалой а, зачисткаш а ю цу тIехь гойтуш“.

И болх шега цхьанге балур болуш бацара бохуш дуьйцу Зайнапа, Нохчийчохь иттанаш наха шена накъосталла дина ца хиллехь. Уггаре а хьалха хьахабо цо цу накъосташлахь шеца „ТIеман йилбазмохь“ цIе йолчу цхьаьнакхетараллехь болх бинарш а, багарбина ца бовллал дукха хилла волонтераш а.

Гашаева: „Нохчийчохь дуккха а оьзда а болуш, майра а болуш накъостий бара сан, дуккха а зударий а бара. Тхо цхьацца зачисткаш хиллачу метте видеош яха доьлхучу хенахь тхо юха дийна цIа доьрзур ду я дац тхуна ца хууш хан яра иза. Оха ала а олура вовшашка, вайна хIуъу хилахь а, хIара вай беш болу болх вайн къоман историна оьшуш хIума ду, иза вайн тIаьхьенашна дуьсур долуш хIума ду олий. Церан массеран а цIераш яха суна цкъачунна ца лаьа, хIунда аьлча, царна кхераме хила там бу иза.“

Архивера материалаш ган таро ю историца а, юкъараллин проблемашца а белхаш бечу нехан. Ткъа иштта нохчийн къоман дукха хан йоцуш дIадаьллачуьнца бала кхочучийн массеран а.

Бакъду, уьш ган лерина дIавазвала веза, шена и болх стенна, мича Iалашонца оьцу бохург архиван урхалла дечарна хоуьйтуш. ХIунда аьлча, видеоматериалашна тIехь гуш ю хIинца а дийна болчу юкъараллин жигархойн а, тешийн а яххьаш. Цу нехан кхерамазалла ларйархьама и архив массарна а гойтуш интернете йилла цкъачунна йиш я урамехь вогIу-воьдуш чухIоттинчунна гайта а йиш яц.

Ша адамийн бакъонашларйархо Гашаева Зайнап кхерамазаллин бахьанашца тIаьхьарчу шерашкахь Швейцарехь ехаш ю. Ша Нохчийчуьра дIаяха дезнехь а, ша болийна болх битина яц ша бохуш дуьйцу цо. ХIунда аьлча, шина тIамехь нохчийн къоманна тIехь оьрсийн эскархоша латтийначу къизаллийца доьзна цкъачунна цхьанна а бакъонна тIе кхаьчна бац и бала лайна болу нах. Цундела бан болх тахана а шортта бу адамийн бакъонашларйархойн, боху цо.

XS
SM
MD
LG