ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ах гергга Оьрсийчура харжамхойн бала бац хин болчу харжамашца


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думана хьалха къемел деш ву президент Путин Владимир. 06.22.2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думана хьалха къемел деш ву президент Путин Владимир. 06.22.2016

Ах гергга Оьрсийчоьнан бахархойн бала бац кху баттахь хин болчу харжамашца. Иза гайтина «Левада-центро» бинчу талламо.

Кху Гезгмашин-баттахь хин болчу Пачхьалкхан Думан харжамашкахь кхаж таса баха дагахь бу ах гергга Левада-центро талламана юкъаозийна нах – 48 процент. Кхин 20 процент респонденташа хIинца а шайн сацам ца бина. Ткъа 28 процент харжамхой дагахь бац харжамийн каппашка баха.

Хин болу харжамаш дагахь латтабой аша, бала буй шун цаьрца аьлла хаттар делча, «бу» аьлла жоп делла 46 проценто. Бала "бац" аьлла жоп деллачу нехан терахь ду 49 процент.

Харжамийн кампанина тидам ца бо шаьш аьлла жоп делла 43 проценто. Ткъа 43 процент дIоггара леррина ца бахь а тидам беш бу. 9 проценто жоп делла, харжамийн кампанина леррина тидам беш ду шаьш аьлла.

Зорбанан гIирсашкахь харжамийн кампани муха гойту бохург баш мехала ца хета Оьрсийчура бахархошна. 23 процент ца хьожу харжамех лаьцначу программашка, газеташкахь а ца доьшу цара царах лаьцна. Бахьана ду- царна политика бен-башха ца хетар. 12 проценто дуьйцу бахьана ду зорбанийн гIирсех цатешар.

Харжамашкахь дакъалаца дагахь боцучу нахана хетарехь, цара кхаж тесча а, ца тесча а царах дозуш хIумма а дац. Кхин цхьа бахьана ду карарчу хенахь болчу политикех цатешар.

20 процентана хетарехь, цара кхаж хьанна тесча а, тоьлур ерг ю«Цхьааллин Оьрсийчоь» парти.

Адамийн дахар тодийр ду аьлла хетий шуна хин болчу харжамаша, аьлла хаттар делча 21 проценто жоп делла «хета» аьлла.

62 процент ца теша иза иштта хила мега бохучух. Цуьнца цхьаьна 43 процент харжамхошна лаара кху баттахь хин болу харжамаш чекхбелча Пачхьалкхан Думехь болу нах хийцабала.

«Левад-центро» бинчу талламо гайтина «Цхьааллин Оьрсийчоь» партехьа кхаж таса дагахь болчу нехан терахь хаъал лахделла хилар.

Оршот дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалша"Левада-центр" юкъатоьхна кхеча пачхьалкхийн агентийн реестрна.

XS
SM
MD
LG