ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

25-гIа Маршонан Де


Нохчийн къомo шен маршо дIакхайкхочу хенахь цхьанна а дагахь дацара, цунах иштта беза мах бала безар бу аьлла. Цу хенахь, I991-чу шарахь, хIинца-хIинца йоьхна, хиндерг къайлене долш яра 75 шарахь дуьненан пхеалгIа дакъа дIа а лаьцна лаьттина хилла Советан пачхьалкх.

Цу пачхьалкхенна юккъе догIуш хилла къаьмнаш цхьаъ вукхунна тIаьхьа шайн-шайн суверинеташ кхайкхош, хIора а шайн некъ лохуш яра. БIеннаш шерашкахь дуьйна маршоне болу сатийсамаш кхаьчна долчу нохчийн къоманна а эххар а буржалех паргIат дала шен историкаллин шанс гина хиларх цхьа а цецвала меттиг боцуш хьал хIоьттинера.

Цкъа хьалха реферундуме а, цул тIаьхьа харжамашка арадаьллачу халкъо шен маршоне болу сатийсам а, цуьнга кхача йолу Iалашо а массарна а хезаш-гуш дIа а кхайкхийра.

Ткъа цул тIаьхьа хилларг вайнзаманахьлерачу историн уггаре а кIоршамечу, уггаре а къизачу агIонашка доьрзур хилар хаа йиш яцара цхьаннан а – шиъ тIом, бIеннаш эзарнаш цу тIеманийн закъалташ, кхин а дукха чевнаш йинарш а, мохк буьтуш, мухIажаралла тIеэцна долу къоман деалгIа дакъа а, кху дийне кхаччалца и дакъа хоржучийн терахь лахлуш ца хилар а.

Маршо хьовха, маршоне болу къайлаха сатийсам а бале болуш адамашкахь хIоьттина хьал а.

Ткъа буй-те цу хьелашкахь мангал хьокху беттан 6-гIа де нохчийн къоман Маршонан Де хилар хиллане а хууш болу нах бисина? Нохчашна дицделлий - те кху лаьттахь муьлхачу а къоман дезденошкахь юккъехь уггаре а мехалох а, дезох а лоруш долу Iийда шайн цу дийнахь хилар?

Австрехь вехачу юкъараллин жигархочунна, журналистана Тахаев Русланна хетарехь, ца дицделла. ХIунда аьлча, адамийн иэс омрица дайъалуш а, омрица юхаметтахIотталуш а дац.

Тахаев: „Нохчийн къомана шен Маршонан де хилар дицделла хила йиш яц. ХIунда аьлча стагана шен дахарехь хилла долу хIума дицлуш ца хуьлу. Хьайна и цхьа хIума бахьана долуш сингаттам я мелхо а цхьа сатийсам хиллехь тешна а.

Ткъа цу денца доьзна вайн къоман дукха сатийсамаш хилла. И де кхайкхочу хенахь вай массо а къона дара, ткъа шен къоналлехь хилларг тешна а ца дицло стагана. Вай хIинца а цу дене, цу маршоне сатийсамехь ду аьлла хета суна“.

Маршоне болу сатийсам а, цу маршоне кхийдар а нохчийн къоман сицара дIадер долуш дац мел хан-зама яларх а, мел халонаш тIехIиттарх а аьлла тешна ву цхьана хенахь Ичкери пачхьалкхан парламентан депутат хилла волу, ткъа карарчу хенахь Венерчу Ичкерия цIе йолчу културан кхерчан куьйгалхо волу Исханов Хьусейн а. Цунна хетарехь, бIешераш хьалха дIабевллачу нохчаша маршоне болу сатийсам халонаш а, тIемаш а тIехIиттича буьтуш хиллехь, и сатийсам вайн замане баьлла а хир бацара.

Исханов: „Вай маршо кхайкхина де ду иза. Вайн ворхIе а дайшкара дуьйна схьа вайн къомо сатийсинчу хIуман де ду хIара. Уггаре а чIогIа вайн къомана оьшуш ерг ю и маршо. Цу маршонах вайн къомо дукха боккха мах белла, иза вайга кхочур а ю аьлла тешна ву со. Со а ву, дуккхаъ нах а бу“.

Маршоне нохчийн къам кхийдар 25 шо хьалха доладелла дац, цу къомо и маршо 25 шо хьалха юхьаралаьцнехь а, дIакхайкхинехь а. Муьлхачу а колонин хьолехь дехачу къомо санна нохчаша а бIешерашкахь и сатийсам цкъа хир а, ницкъ а хаддалц кхочушбан гIерташ юхьаралоцуш, цул тIаьхьа къоман са а, ницкъаш а дуткъаделча цхьана ханна бижа буьтуш лелийна.

Цундела а хила мега къоман цхьа дакъа кху беттан 6-чохь вовшийн дезчу денца декъал деш лелар, ткъа важа дакъа и де хила а ца хилча санна кеп ян гIертар.

XS
SM
MD
LG