ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Гериев Жалавди - политикан тутмакх


Норвегерчу ХIелсинкин комитето а, бакъоларъярхой Iалашбечу Обсерваторино а критике дерзийна Нохчийчохь журналистна, «Кавказан Узел» газетан корреспондентна Гиреев Жалавдина Шеларчу кхело набахтехь даккха 3 шо кхайкхор.

Бакъоларъярхоша кхойкху Оьрсийчоь кхелан сацам юхабаккхаре а, журналист дIахецаре а. Адвокато бехкевац Гиреев бохуш леткъамаш бо кху деношкахь. Тутмакхехьа дIахьедар даржийна дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн Human Rights Watch юкъаралло а. Шен болх бахьанехь Iедало хьийзориг лору иза бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG