ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши оппозиционер кхаьчна Беларусин парламенте


2000-чу шарахь дуьйна схьа хилла а боцу оппозицин партешкара депутаташ кхаьчна кIирандийнахь хиллачу харжамашкахь Беларусин парламенте.

ЖамI дина дацахь а, и хаам баржийна мехкан харжамийн комиссин куьйгалхочо. «Цхьанатоьхначу махкахойн партера» ю Конопацкая Анна, «Беларусийн меттан юкъараллера» ю Анисим Елена. Харжамашка баьхкира, боху уьш дIабаьхьначу хьукмато, Беларусин 74 процент харжамхой. 110 меттиг къовсуш вара 500 ца кхоччуш кандидат.

Кхушара дуьххьара байкот ца кхайкхош, дакъалецира харжамашкахь махкарчу Iедална оппозицехь лаьттачу массо а партеша а, боламаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG