ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархой кийча бац дуьхьалонан акцешкахь дакъалаца


Оьрсийчоь -- Путин Владимир ву шен агIончашна хьалха вистхуьлуш. Чил. 23, 2012
Оьрсийчоь -- Путин Владимир ву шен агIончашна хьалха вистхуьлуш. Чил. 23, 2012

Оьрсийчоьнан 80 сов процент бахархой кийча бац политикан а, экономикан а дуьхьалонан акцешкахь дакъалаца. Цунна тоьшалла деш ду Левада-центро бинчу талламан жамIаш. Талламехь дакъалаьцначу нахах 12 проценто бен ца аьлла шаьш дуьхьалонан акцешкахь дакъалаца кийча ду дахар вочу далар бахьана долуш аьлла.

Политикан лозунгашца урамашка арабовла кийча бац иттех процент бахархой а бен. Социолагаша хаттарш деллачу дукхах болчу нахана уьш бехачу регионашкахь хир яц аьлла цхьа а дуьхьалонан акцеш.

2011-чу шарахь ГIура-баттахь Пачхьалкхан думан харжамашкахь бозбунчаллаш лелийна аьлла дуьхьалонан акцеш хилира Москох а, кхин йолчу а Оьрсийчура гIаланашкахь 2011-чу а, 2012-чу а шерашкахь.

2012-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 6-чу дийнахь Iедалша бакъо елла дIаяьхьна акци дIайирзира демонстранташ а, полисхой а таса а луш. Уьш дуккха а адамаша дакъа а лоцуш хилла къепедацарш лерира Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG