ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркерчу лелхийтаршна бехкенаш лоьху


Iамеркан Нью-Джерси штатерчу Элизабет гIаларчу аьчган некъан социйлехь нехаш тосучу яйчохь хааелла эккхаш йолчу минех тера гаьргаш. Минаш дIайохучу робота йостуш эккхийтар хилла яйчохь, аьлла хаамбо ГIалин мэро Болуаж Кристиана. Адамашна зенаш хилла ца хилла цкъачунна хоуьйтуш дац.

Шоьтадийнахь Манхеттенехь 29 стаг лазош эккхийтар динчул тIаьхьа, генадоццуш эккхаза герз а карийнера. Цхьана а кепара тоьшаллаш дац, хиллачу зуламашна дуьненаюкъара терроран тобанаш бехке хиларан аьлла, дIахьедо Iамеркан Iедало. Манхэттенна 24 чаккхарма генахь ю 130 эзар халкъ деха Элизабет гIала.

Шоьтадийнахь динчу эккхийтарна бехке лору 28 шо долу овхIанхойх схьаваьлла Нью-Джерсин вахархо Рахьами Ахьмад Хан полицин лехамашкахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG