ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракташ бахьанехь Трампе дог-ойла кхоллало Iамеркхойн


Iамерка: Ахьмад Хан Рахимин низамхошлахь даржийна сурт, Нью - Йорк.
Iамерка: Ахьмад Хан Рахимин низамхошлахь даржийна сурт, Нью - Йорк.

Масех бутт баьллера Iамеркехь терроран тIелатарш даза, амма хIоьттина тийналла йохош шиъ терроран тIелатар хилла кху даханчу шоьтан дийнахь.

Сомалехь вина а, ткъа хинца Iамеркехь вехаш волчу 22 кхаьчча Сомалера вахархо бехкево ФБРа Минессотехь йоккхачу йохк-эцаран центрехь, урс детташ, исс стагана чевнаш ярна.

Схьадийцарехь, цо урс тохале хьалха, уггар лаххара, а цхьаьнга хаьттина хиллера иза бусалба вуй аьлла. Цу центрехь ларамза нисвеллачу цхьана полисхочо герз тоьхна вийначу цу стеган цIе ца йоккху полисхоша цкъачунна.

Сиха бац уьш террорхочун Iалашо хIун яр ала а, и тIелатар цхьаьнца бертахь дина а , я цхьамма омра дина, дина а ала ца хIутту уьш. Цуьнан бахьана а, жоьпалла а, террорхошца зIенаш юй, яций а толлуш бу полисхоша. Полисхойн гIоьнна аьлчу санна, тIелатарана жоьпалла шена тIеэцна 'ДаIиш’ тобано шоьтан дийнахь интернетехула.

Цул совнах, шоьтан дийнахь бомб эккхийтина 29 стагана чевнаш йинера Нью-Йоркехь. И эккхийтар дина марафон дIахьочу хенахь. Цигахь лазийна 29 стаг дарбан цIийнара арахецна бохуш дIахьедо хаамийн гIирсаша.

Кхин цхьаъ бомб Нью-Джерси штатехь кара а йина, иза эккхийтина оршотан дийнахь полицин робото, аьлла дIахаийтира низамхоша. Кхин зулам дина, террорхочо нах байале хьалха жиггара хьевзинчу полисхоша Нью-Йоркехь динчу тIелатарна шеконехь хилла 28 шо кхаьчча ОвхIанистанехь вина а, ткъа хIинца Iамеркан вахархо волу Рахами Ахьмад Хан лецира оршотан дийнахь.

Цхьана хьешан цIийнахь чоь а лаьцна, иза вийжина Iуьллуш, цунна тIекхаьчча волу полисхочунна тапч тоха кхиира Ахьмад Хан, амма цунна тIехь гIагI диллина коч хилар бахьанехь, лаза ца веш, кIелхьар валла каелира полисхочун.

‘Мердис Таверна’ хьешан цIийнан долахочунна вевзина хилла Ахьмад Хан. И долахо сихонца полисхошца зIене валар бахьанехь, низамхойн аьтто белира иза дIалаца. ДIалоцучу юкъанна кхин а шинна полисхочунна чевнаш ян кхиира Ахьмад Хана. Полисхойн чевнаш чолхе яц, бохуш дIахоуьйту хаамийн гIирсаша.

Ахьмад Хан ша а ву хIинца дарбан цIийнахь лоьрийн Iуналлехь. Цунна а масех чов йина полисхоша, тоьхначу герзана дуьхьал герз а диттина.

Низамхоша дийцарехь, Ахьмад Хана, ша а цхьамма кечдина хилла терроран зулам. ТIаккха а, цуьнан террорхошца хила тарлун зIе толлуш бу полисхой а, ФБР а.

Вашингтонехь кху даханчу мукъачу деношкахь а, оршотан дийнахь а, тахана а алсам полисхой хаалора йохк-эцаран центрашкахь. Нью-Йоркана геррга йолчу Нью-Джерсерчу Паттерсон гIалахь вехачу Iимранца а хилира сан терроран тIелатерх доцца къамел. Суна хаа лиира Нью-Йоркехь а, Нью-Джерсехь а муьлха кхерамзаллин барамаш Iедало тIеэцна хIоьттинчу терроран кхераман дуьхьал.

“Делахь, тахана а, селхана а, кхузахь схьагучуьнца дуьстича, хьал хийцаделла дац, Iедалан белхахой бац кхузахь, кхузара хьал хийцаделла дац.”

Ткъа хIинца Нью-Йоркехь а, Нью-Джерсехь а къаьсстина дукха бусалба нах ма буй бехаш, царна хьовзам хир бу аьлла хетий хьуна: “Делахь, кху пачхьалкхан президент хила луучу Трампана боккха кхаъ хир бу и. Хилла зулам цо шен харжамийн кампанина пайдена дерзор ду.”

Iамеркехь динчу тIелатаршкахь байъина нах бацахь а, Имран ма-аллара, цунах пайда эца тарло Iамеркан президентан дарже кху гурахь дIахIотта луучу Трамп Доналдо. Оршотан дийнахь коьрта кандидат йолчу Клинтон Хилларис а, Трамп Доналда нисса бIостанехь дIааларш дина хиллачу зуламийн хьокъехь.

“Трампа дечу къамело мостагIашна гIо а до, церан дог а оьцу,” аьлла дIахьедира Клинтона журналисташка хаамийн конференцехь оршотан дийнахь Нью-Йоркехь. бусалбачу Iамериканхошна а, Iамерекерчу низамхошна а юкъахь тешам кхуллур бу ша, аьлла чIагIо йира Клинтона.

Трампо Клинтонан дIахьедаршна жоп луш, элира “ цунах президент хилахь, вайн махкана кхин а алсам тIелатарш а дийр ду, кхин а дуккха а бехк боцу Iамериканхой лазор а бу, бойур а бу.”

Ма-хаара, Трампо ша Презиндент велахь, ханна доьхкур ду боху Iамерке бусалба нах чубитар. ХIинца цуьнан рейтинг шеко йоццуш хьалаяла там бу Iамераканхошлахь. Маьршачу нахана бала хиллехь а, цуьнан президентан кампанин ларамза хила дика кхаъ хетало и терроран тIелатарш.

XS
SM
MD
LG