ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема гуманитаран мисси сацийна ООН-о


Шемарчу Алеппо гIаларчу бахархошна гIоьнна кир эцна йоьдучу машенийн ковранна тIе авиатохар дарна, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино сацийна гуманитаран мисси. “Кхерамзаллах дерг къастталц, хиллачун мах къастабаллалц” шаьш гIо кхоьхьу машенаш совцийна, хаамбина гIо дIакхачош хьалхаваьллачу Цхьанакхеттачу Къаъмнийн организацин векало Лаэрке Йенса шинарийдийнахь.

Машенийн ковранна Iалашонашка кхача Шемин Iедало гIодаре сатуьйсу шаьш, аьлла Лаэркес. Ткъа оршотдийнахь протест кхайкхош шен болх сацийна Шемарчу Iаьрбийн ЦIечу Батто а, цуьнан коврашна а, гуманитаран гIо чохь латточу гIишлошна а дина авиатохар, ткъеха маьрша вахархо а вуьйш. Шемин эскарша кIиранна машар а кхайкхош, шаьш совцийна герзаш, аьлла, даржийнера, амма бохийна Iамеркой, Оьрсийчоьной гуманитариан кир дIакхачорхьама бина барт.

Оьрсийчоьнан инарлаш толлуш бу авиатохарех йолу информаци, хилларг дийца хьалхе ду, аьлла шинарийдийнахь Путинан пресс-секретара Песковс. Ткъа Вашингтонан векало Кирби Джона хаамбина, шаьш саготта ду авиатIелатар дарна, Асад Башарца гергарлонехь йолчу Оьрсийчоьно шаьш жоп доьхур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG